Боьлкъазарш

Боьлкъазарш
Европин боьлкъазар (Talpa europaea)
Европин боьлкъазар (Talpa europaea)
латана тӀехула
Ӏилманан классификаци
Дуьненайукъара Ӏилманан цӀе
Talpidae Fischer-Waldheim, 1817

Боьлкъазар тайпанаш йа Белкъазар тайпанаш[1], йа боьлкъазарш (лат. Talpidae) — доьзал декхашдолчарех салгаматашдуучеран тобанера[2]. Шуьйра йаьржина Евразехь а, Къилбаседа Америкехь а (къилбан Канадера къилбаседа Мексике кхаччалц). Евразин къилбаседехь 63° къ.-с. ш. кхаччалц.

ТӀехулара кеп

Боьлкъазарш — салгаматашдуучарех кегийра а, юккъера а барамера дийнаташ: дегӀ 5-21 см деха ду; йозалла 9-170 г. йу. Уьш (тӀехула еха латта охку боьлкъазарш йоцурш) латтан бухахь охкучу дахарах йоьлла йу. Церан дегӀ озийна, гоьрга, буькъа, нийса, бархатан чо а баьлла ду. Боьлкъазаран кетар шакепара башха ю — цуьнан чо бахло нийсса, цхьана агӀор хьаькхна бац. Иза бахьанехь боьлкъазар дӀасхьаяхало латта бухахь муьлххачу агӀора — чо паргӀата буьжу хьалха а, тӀехьа а. Бооьлкъазарш цхьана басахь хуьлу, Ӏаьржа, Ӏаьржа-бора йа таьӀана-сира. Шарахь кхузза чо туьлу: бӀаьста, аьхка, гурахь. Когаш доца ду, хьалхарниш белкепара шордина ду; мӀараш йаккхий, лакхара чӀапйина йу. ТӀехьара когаш гӀийла хуьлу хьалхарчарел. ЦӀога доца ду. Корта жима, муцӀара бу. Мара озийна цӀоьмалг йина бу. Лаг тӀехула гӀеххьа бен гуш дац. ЛергдогӀа дац. БӀаьргаш кхиана дац — йоӀбӀаьрг а, са гойту пардо а дац, бӀаьрган кӀаг жима а, негӀаршца къевлина а бу; цхьайолчу тайпашна бӀаьргаш тӀе чо болу. Хьожаяр а, хӀума хаадалар а дика ду.

Туьта еха, муцӀара, мочхалин Ӏадмаш чӀогӀа дуткъа ду. Цергаш 33 тӀиера 44 кхаччалц йу. Цергийн барам а, кеп а боьлкъазарийн тайпа билгалдоккхуш лелайо. БукъдаьӀахкаш: йоӀзар 7, некхауьн 13—14, хоттаршан 5—6, гӀартхоттен 5—6, цӀоган 8—27. ДаьӀахкаш, белшан асанера, шуьйра а, чӀогӀа а. Динбухк хоттало белшан даьӀахкаца (кхечу екхашйолчеран — пханаран гаца). Хенан даьӀахк еха а, юткъа а йу. Боьршачеран бакулюм йу.

Боьлкъазар-альбинос

Ӏуьргаш

Ӏуьйшу экханех къаьсташ, масала бӀаьрзанаш, боьлкъазаршка ца ахкало латта цергашца, цуьндела еха дукха хьолехь кӀеда, семса латта долчохь — хьуьнхахь, байн аренашкахь. Юучунна цара цхьа маша кӀорге а йоцу юурган лоьлийлаш йохку, царна чутекха догӀан нӀаьний. Юурган лоьлийлаш готтий а, еха а хуьлу, аьхка уьш кӀоргехь ца хуьлу, 2-5 см бухахь, Ӏай кӀорго хуьлу. Юурган Ӏуьргийн машано дӀалоцу масех бӀаь йеакӀон метр майда. Ӏуьргаш деттачу латтан бухахула чекхдовлуш (тачанаш, кхин а), боьлкъазаро кӀоргайо лоьлийла 15-30 см кхаччалц. Иштта «дехьадовлийла» ахка хала ду, цуьндела цхьана дехьаволийла лелайо масех экхано. КӀорга лоьлийла охкуш боьлкъазарш хьалакхуьйсу латтан оьланаш[3]. Бенан чоь 1,5—2 метр кӀоргехь хуьлу, иза кечъеш дукха латта аратотту лакха 1 м диаметр, 80 см лекха йолуш оьла а еш[4].

Экологи

Боьлкъазарш еха латтан гонахе тайп-тайпанчу ландшафташкахь, амма гӀоле хетарг, тӀуьна латта долу меттиг йу, ахка атта йолу дера. Дукхаша йолу тайпана боьлкъазарш лаьттан бухара дахар леладо, лоьлийлаш охкуш, букъадаьӀахкйоцурш юуш. Хьалхара когаш охка гӀирс а, латта агӀора а, тӀехьа а дӀататта а башхалла йолуш бу, тӀехула дукхаха йолу боьлкъзарш текхаш лела. Цхьа йолу тайпа боьлкъазарш юург лохуш тӀехула йовлу йа латтан тӀехулара дахар леладо. Жигаралла дийнахь-буса йа маьркӀажа-буса йу. Метаболизман лакхара барам бу массо а сагалматашдуучеран, боьлкъазарш сутара ю — дийнахь шен йозалла барамехь хӀума юу. Юург йоцуш европин боьлкъазар ца Ӏало 14 сохьтал сов. Ӏаьнан заман чохь цуо юу дуккха а кӀезга аьхкачул, кхин а кӀорге йоьду нӀаьнешна тӀехьа[5]. Ӏаьнна юьту юург догӀанан нӀаьний ду; боьлкъазара уьш дийна дуьту, амма дегӀсецна дуьту, кортош дӀа а кхоллий[6]. Боьлкъазарш еха дукха хьолехь шешша, вовшехкхета дебаезачу хенахь.

Бахамехь иэшар

Боьлкъазарш пайдехь йу, латта самса доккху, аэрацина а, латта тӀундарна а аьтту бо. Цара халлакайо дукха йуьртан а, хьунан а бахаман зуламе йолу букъадаьӀахкйоцурш. Цхьайолу боьлкъазарш зуламдо догӀан нӀаьний дууш, шайн лоьлийлашца стоьмийн а, хастоьмийн а орамаш халлакдеш.

Классификаци

Доьзалло вовшех туху 15—17 тайпа, массо а тайпанийн барам — дезткъа гергга.

ДоьзалкӀелара боьлкъазарш — Talpinae. Еха Евразехь а, Къилбаседа Америкехь а[7]:439—440.

  • Тайпа Condylura
    • Condylura cristata — Седарчийохкург
  • Тайпа Euroscaptor — Махбален Азин боьлкъазарш
    • Euroscaptor grandis — Йоккха Цийн боьлкъазар
    • Euroscaptor klossi — Клоссан боьлкъазар
    • Euroscaptor longirostris — Бехамара болу боьлкъазар
    • Euroscaptor micrura — Гималайн боьлкъазар
    • Euroscaptor mizura — Японан ломан боьлкъазар
    • Euroscaptor parvidens — Вьетнаман боьлкъазар
  • Тайпа Mogera — Могераш
    • Mogera etigo — Этиган могера
    • Mogera insularis — ГӀайренан боьлкъазар
    • Mogera kanoana
    • Mogera kobeae — Кобе боьлкъазар
    • Mogera imaizumii
    • Mogera robusta — Йоккха могера
    • Mogera tokudae — Садосан могера
    • Mogera wogura — Японан могера
    • Mogera uchidai
  • Тайпа Neurotrichus
    • Neurotrichus gibbsii — Америкин латтаохку боьлкъазар
  • Тайпа Parascalops
    • Parascalops leucura — ЧоболуцӀоган боьлкъазар
  • Тайпа Parascaptor
    • Parascaptor leucura — КӀайнцӀоган боьлкъазар
  • Тайпа Scalopus
    • Scalopus aquaticus — Малхбалеамерикин боьлкъазар
  • Тайпа Scapanulus
    • Scapanulus oweni — Малхбузен боьлкъазар
  • Тайпа Scapanus — Малхбузаамерикин боьлкъазар
    • Scapanus latimanus — Калифорнин боьлкъазар
    • Scapanus orarius — Тийнаокеанан боьлкъазар
    • Scapanus townsendii — Таунсендан боьлкъазар
  • Тайпа Scaptochirus
    • Scaptochirus moschatus — ЙоцуцӀумаран боьлкъазар
  • Тайпа Scaptonyx
    • Scaptonyx fusicaudus — Дехац1оган боьлкъазар
  • Тайпа Talpa — Башхаллайоцу боьлкъазар
    • Talpa altaica — Сибрехан боьлкъазар
    • Talpa caeca — Б1аьрза боьлкъазар
    • Talpa caucasica — Кавказан боьлкъазар
    • Talpa europaea — Башхаллайоцу боьлкъазар, йа европин боьлкъазар
    • Talpa levantis — Жимаазин боьлкъазар
    • Talpa occidentalis — Иберин боьлкъазар
    • Talpa romana — Йаккхий цергаш йолу боьлкъазар
    • Talpa stankovici — Станковичан боьлкъазар
    • Talpa davidiana — Иранан боьлкъазар
  • Urotrichus — Японан латтаохку боьлкъазар
    • Urotrichus talpoides — Японан латтаохку боьлкъазар

ДоьзалкӀелара Uropsilinae, тайпа Цийн латтаохку боьлкъазарш (Uropsilus), 4 кепара, даьржина Тибетехь а, Цийхь[7]:439:

  • Uropsilus andersoni — Сычуанан латтаохку боьлкъазар
  • Uropsilus gracilis — Жимах латтаохку боьлкъазар
  • Uropsilus investigator — Юньнанан латтаохку боьлкъазар
  • Uropsilus soricipes — Цийн латтаохку боьлкъазар

ДоьзалкӀелара выхухолаш — Desmaninae. Йаьржина Европехь а, Малхбузан Сибрехан къилбехь. Наггахь доьзалкӀеларнаш ша лаьтта доьзал санна а лору, наггахь Talpinae юкъахь триба санна лору.

  • Desmana moschata — Выхухоль
  • Galemys pyrenaicus — Пиренейн выхухоль

Россехь еха 4 кепара башхаллайоцу боьлкъазар (Talpa) а, 2 — могер (Mogera).

Кхин латтабухара дийнаташ

Екхачарна юкъахь боьлкъазарах тера дахар долуш ю:

  • Австралин т1оьрмиган боьлкъазар,
  • Дешийнбоьлкъазарш, доьзал тенрекокепара тобанера,
  • Латтаохкурш а, бӀаьрзачеран а доьзалера экханаш.

Боьлкъазарш оьздангаллехь а, исбаьхьаллехь а

  • «Боьлкъазаран хилларш» — чехийн Милер Зденек режиссёран Боьлкъазаран кӀорнех а, цуьнан доттагӀех а лаьцна мультфильм.
  • «Диалог. Боьлкъазар а, хӀоа а» — советан йоцуметражан мультфильм, йаьккхина 1987 шарахь.
  • Боьлкъазар — «Дюймовочка» туьйран цхьа турпал.
  • Боьлкъазар Спеклз — «Дарвинан декхар» фильман коьрта турпалех цхьаъ.
  • «Боьлкъазарш» — «Шахтёр» футболан клубан официалан йоцу цӀе.
  • «Боьлкъазарш» — хӀора кӀиран сканвордин газет.

Билгалдахарш

  1. А.Исмаилов, "Дош", русско-чеченский словарь, Грозный, 2009, стр.33
  2. Дзержинский Ф. Я., Васильев Б. Д., Малахов В. В. Зоология позвоночных. 2-е изд. — М.: Издат. центр «Академия», 2014. — 464 с. — ISBN 978-5-4468-0459-7. — С. 420—421.
  3. Обыкновенный крот — Talpa europaea. www.ecosystema.ru. ТӀекхочу дата: 2016 шеран 26 февраль.
  4. Ильичев В. | Эти удивительные кроты | Газета «Биология» № 6/2008. bio.1september.ru. ТӀекхочу дата: 2016 шеран 26 февраль.
  5. Борьба с кротами на приусадебном участке. www.rumvi.com. ТӀекхочу дата: 2016 шеран 26 февраль.
  6. На чёрный день // Секреты природы. — ЗАО «Издательский дом Ридерз дайджест», 1999. — С. 197. — ISBN 5-89355-008-0.
  7. 1 2 Русские названия по книге Кеп:Книга:Полная иллюстрированная энциклопедия. «Млекопитающие». Кн. 2

Хьажоргаш