ЖехӀилийн зама

Же̄хӀилийн за̄ма йа жа̄хӀилият (Ӏаьр. الْجَاهِلِيَّةُ‎‎, аль-ЖахӀилийят — «дешна цахилар, бодане хилар») — иза Мадийнатехь диссийначу Къуръанан сураташкахь хьахийна йолу исламан термин йу. Цо гойту ислам дин далале хьалха хиллачу къаьмнийн дахар, динан агӀор аьлча, оцу къаьмнийн жехӀлаллица йоьзна йу иза. Ӏаьрбий хилла а ца Ӏаш, мелхо а, цу йукъадогӀу Мухьаммад пайхамар ﷺ валале мел хилла долу къаьмнаш.

Хьостанаш