Жириновски, Владимир Вольфович

Владимир Жириновски
оьрс. Владимир Вольфович Жириновский
Владимир Жириновски
РЛДП-н фракцин куьйгалхо
Хьалха хилларг Игорь Лебедев
 — 21 декабрь 2011
Когаметтаниг Игорь Лебедев
 — 18 январь 2000
Когаметтаниг Игорь Лебедев

Дин керста
Вина терахь 1946 шеран 25 апрель({padleft:1946|4|0}-{padleft:4|2|0}-{padleft:25|2|0})[2][3][…]
Вина меттиг Алма-Ата, Казахийн ССР, ССРС
Кхелхина терахь 2022 шеран 6 апрель({padleft:2022|4|0}-{padleft:4|2|0}-{padleft:6|2|0})[4] (75 шо)
ДӀавоьллина
Вича тиллина цӀе оьрс. Владимир Вольфович Эйдельштейн
Да Вольф Исаакович Эйдельштейн (1907—1983)
Нана Александра Павловна Макарова (кхел. 1985)
Зуда Галина Александровна Лебедева
Бераш Игорь Лебедев
Парти ЛДПСС → РЛДП
Дешар
ГӀуллакхалла политик[5], актёр, преподаватель, предприниматель, военнослужащий, Политика[5]
Динлелор керсталла, православи[1]
Автограф Автографан сурт
СовгӀаташ
Пачхьалкх  ССРС
 Росси
Эскаран тайпа Советийн эскар
ЦӀе полковник, Капитан, подполковник, полковник
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш

Владимир Вольфович Жириновски (1946 шеран 25 апрель[2][3][…], Алма-Ата, Кхазакхийн Советийн Социалистийн Республика[6][7] — 2022 шеран 6 апрель[4], Москох[6][7][…]) — советан а, Российн политикин а гӀуллакххо ву, Пачхьалкхан Думан председателан когаметтаниг ву (20002011), Российн Либерально-демократин парти (РЛДП) йиллинарг а, председатель а, Европин Советан парламентан ассамблейн декъашхо а ву. Российн президент харжарехь 5-зза дакъа лаьцна цо (1991, 1996, 2000, 2008, 2012).

Шен дахар а, доьзал а

Схьавалар

Жириновскин да — Вольф Исаакович Эйдельштейн ву (19071983). Исраилехь дӀавоьллина ву иза. Деваша — Аарон Исаакович Эйдельштейн ву, шича — Ицхак Эйдельштейн ву[8][9][9]. Оьрсийн доьзалехь ша кхиъна Владимир, биологически да мила ву ца хаара. Ненан марйа — Владимир Андреевич Жириновски ву[10]. Жириновскин деда — Исаак (Айзик) Эйдельштейн ву — Крестополь округехь гӀараваьлла хилла иза. Цуьнан шен дечиг-пхьолин фабрика яр, 200 белхало а волуш. Цуьнан территорин тӀехь аьчка некъ бар болх беш, кийчча продукци Европе дӀакхоьхьуьйтуш.

1964 шере кхаччалц Владимир Жириновскис шен ден фамили лелина — Эйдельштейн, кхиъна ваьлча шен ненан фамили тӀеэцна — Жириновский.

Шен дахар

1971 шарахь дуьйна Галина Александровна Лебедева йалийна ву иза, шиъ кӀант а, цхьа йоӀ а йу цуьнан[11][12]. Галина Лебедева — вирусолог а, биологин Ӏилманийн кандидат а йу. Жириновскис ма-бохху, 1978 шарахь и шиъ дӀасакъаьстина, оцу хена дуьйна цушиннан килсан брак ю[9].

Воккхах волу кӀант Игорь Владимирович Лебедев вина 1972 шарахь. Цуьнан юридически образовани йу (Юридически академи). 2000 шеран январехь кхоалгӀачу гуламан Пачхьалкхан Думехь РЛДП-н фракцин председатель хаьржина иза.

КӀентан шала дина бераш Александр а, Сергей а ву (вина 1998)[13], пансионехь доьшуш бу МПУ[9][14].

Владимир Путин а, Владимир Жириновски а 2015 шарахь.

2013 шеран аьхка дуьйна Жириновски дилхазахо ву. 2013 шеран ноябрехь цо хаам бина РЛДП-н декъашхой бовлуш дилхазахойн кхачанан тӀе дехьабеврра бу аьлла, жижиг могашаллина чӀогӀа зенехь долу дела[15].

Президент харжарехь дакъа лацар

Шо Субъект Аьзнаш % Меттиг Жириновски билгалвина Жириновски витина
1991 РСФСР 6 211 007 7,81 3/6 Ельцин, Рыжков Тулеев, Макашов, Бакатин
1996 РФ 4 311 479 5,70 5/10 Ельцин, Зюганов, Лебедь, Явлинский Фёдоров, Горбачёв, Шаккум, Власов, Брынцалов
2000 РФ 2 026 509 2,70 5/11 Путин, Зюганов, Явлинский, Тулеев Титов, Памфилова, Говорухин, Скуратов, Подберёзкин, Джабраилов
2008 РФ 6 988 510 9,35 3/4 Медведев, Зюганов Богданов
2012 РФ 4 458 103 6,22 4/5 Путин, Зюганов, Прохоров Миронов
2018 РФ 4 154 985 5,65 3/8 Путин, Грудинин Собчак, Явлинский, Титов, Сурайкин, Бабурин

Билгалдахарш

  1. ВЛАДИМИР ЖИРИНОВСКИЙ: Я - ЕДИНСТВЕННЫЙ ПРАВОСЛАВНЫЙ
  2. 1 2 Internet Movie Database (инг.) — 1990.
  3. 1 2 Wladimir Wolfowitsch Schirinowski // Энциклопедия Брокгауз (нем.)
  4. 1 2 Ушел из жизни Владимир Вольфович Жириновский — 2022.
  5. 1 2 Чешская национальная авторитетная база данных
  6. 1 2 https://www.themoscowtimes.com/2022/04/06/vladimir-zhirinovsky-far-right-court-jester-of-russian-politics-dies-at-75-a77240
  7. 1 2 Encyclopædia Britannica (инг.)
  8. Жириновский нашёл могилу отца // Взгляд.ру, 26.06.2006
  9. 1 2 3 4 Жириновский Владимир Вольфович // Вести.ру
  10. Дайджест: Продавец мифов. Жириновский
  11. Ток-шоу «Наедине со всеми» на «Первом канале» с Владимиром Жириновским, 22 декабря 2014 года, официальный сайт «Первого канала»,
  12. Ток-шоу «Наедине со всеми» на «Первом канале» с Владимиром Жириновским, 22 декабря 2014 года, YouTube,
  13. Жириновский Архивйина 2011-07-26 — Wayback Machine
  14. Курянин учится с внуками Жириновского Архивйина 2022-03-21 — Wayback Machine
  15. Владимир Жириновский: члены РЛДП станут вегетарианцами. Коммерсант (2013 шеран 20 ноябрь). ТӀекхочу дата: 2013 шеран 2 декабрь.

Хьажоргаш