Йуккъера Африка

Географин регион
Йуккъера Африка
2°13′23″ къ. ш. 16°11′28″ м. д.HGЯO
Пачхьалкхаш
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Йуккъера Африка — географин регион, Африкин малхбузехьара дакъа, лаьтта экваториалан а, субэкваториалан а асехь, цуо шена чулоцу шуьйра чӀопа йолу Конгон чутаӀе, малхбузехьа Атлантикин Ӏапказан а, Гвинейн айман а бердйисташ йу, къилбаседехьа йукъахь бу Азанде чӀаплам, къилбехьа — Лунда плато цуьнца болу Анголин чӀаплам а. Малхбалехьа регион чекхйолу Малхбален-Африкин рифтан системин Малхбузехьара гаьннашца.

Йуккъера Африкин йукъара пачхьалкхаш

Пачхьалкх Тобанашйаран метод Коьрта гӀала
ВКЪКХ версица[1] ЦРУн версица[2] СГНЗС дошаман версица ОКСМ версица[3]
 Ангола Къилба Африка Луанда
 Бурунди Малхбален Африка Малхбален Африка Малхбален Африка Гитега
 Габон Либревиль
 Замби Малхбален Африка Къилба Африка Малхбален Африка Лусака
 Камерун Малхбузен Африка Яунде
 Демократин Республика Конго Киншаса
 Республика Конго Браззавиль
 Руанда Малхбален Африка Малхбален Африка Малхбален Африка Кигали
 Сан-Томе а, Принсипи а ГӀайренан бачхьалкх
Атлантикин Ӏапказ чохь
Сан-Томе
 Йуккъерчу Африкин Республика Банги
 Чад Нджамена
 Экваторан Гвиней Малабо

Наггахь Йуккъера Африкин йукъатуху Британин хӀордал дехьара территори — Аьрдачу Еленин гӀайре.

Географи

Конго эркан чутаӀенан бух бу чӀопа, уьшал йолуш, 300—500 м. лакхахь. Уггаре лаькха лаьмнаш ду — Адамауа чӀаплам Камерунехь (3008 м кхаччалц) а, тӀапломан акъари Камерун а (4040 м. кхаччалц). Делахь а Йуккъера Африкин рельеф дуккхачу хьолехь тийна йу, башха хийцамаш боцуш. Приэкваторан Африка, къаьстина Конго чутаӀе, къаьсташ йу уггаре луьста дуьззинахиш долу эркийн гаьннаш хиларца Африкехь, царах уггаре докха ду — эрк Конго (Заир). Гвинейн айма чу кхин догӀу эркаш Огове, Кванза кхидерш а. Дукха меттигаш дӀалаьцна йу уьшалш. Экваторан климатан асехь кхуьуьш йу луьста дукхаярусаш йолуш тӀуьна тропикийн хьаннаш. субэкваторан асехь — галерейн хьаннаш, хидоькъе меттигашкахь йаьржина йу тайп-тайпана саваннаш. Гвинейн айма чудогӀуш долу эркийн хикхочешкахь, йаьржина йу мангрин къухаш.

Билгалдахарш

  1. United Nations Statistics Division
  2. The World Factbook. Location. ТӀекхочу дата: 2016 шеран 2 январь. Кху чуьра архивйина оригиналан 2011 шеран 24 майхь Архивйина 2011-05-24 — Wayback Machine
  3. Общероссийский классификатор стран мира (ОКСМ). Приложение Д