Муьнхенан чӀагӀам

Муьнхенан чӀагӀам
Кечдина терахь: 29.09.1938
Куьг таӀийна терахь: 30.09.1938
Меттиг: КхоалгӀа рейх Баьччин цla, Муьнхен, Лоьмсойн мохк
Куьг таӀийнарш: Адолп Xlитлер, Бенито Муссолини, Невилл Чемберлен, Эдуард Даладе
Мотт: чехийн мотт
Меттанаш: чех. Mnichovská dohoda
сло. Mníchovská dohoda
инг. Munich Agreement
лоьм. Münchner Abkommen
пер. Accords de Munich
ита. Accordi di Monaco

1938-чу шеран Муьнхенан чlaгlaм (кхин а цунах олу Муьнхенан бертбахар) — Муьнхенехь 1938-чу шеран товбецан беттан 29-чу дийнахь xlоттийна а , вукха денца йукъахь йолу буьйсанна йазбина чlaгlaм бу. Чlaгlaмо билгалдора Чехийн-Словакийн пачхьалкхо итт дийнал сов хьем ца беш мукъа а йаьккхина Судет лоьмсошна дlaлур йу аьлла. Полякаша а , мажароша а бечу laткъамаца чlaгlaм чу даьххера чехашка-словакашка цу латтанийн хьокъехь долу хаттаршна сацам бан тleдожош тleдаларш. Чехийн-словакийн векалш (Губерт Масаржик а, Войтех Мастны а) болуш бара, амма уьш кхайкхина бацара бехкамийн хьокъехь дагахбовла , цара кийча кехата тle куьг диллар бен кхин xlyмма ца дира Товбецан беттан 30-чу дийнахь Чехийн-Словакийн пачхьалкхан Халкъ-Дас Эдвард Бенеша тleлецира бехкамаш Къоман кхеташонан къобалдар доцуш.

Эсаран беттан 1-чу дийнахь лоьмсойн сураш дехьадевлира Чехийн-Словакийн пачхьалкхан дозанхула, цу беттан 10-чу дийнахь дlaлецира шайолу Судет[1]. Оццу дийнахь Чехийн-Словакийн пачхьалкхо тleлецира Полякийн пачхьалкхан хаддош дlaхаитар цунна Тешин йитаран хьокъехь , оццу баттахь 2-чу дийнахь иза дlaлецира полякийн сурхоша. Муьнхенан чlaгlaм йазбинчул тlaьхьа 1938-чу шеран лахьанан беттан 2-чу дийнахь хиллера Хьалхара Венан фирмийн лехамашца йоьзна кхиэл, цо дlaлора Мажаройн пачхьалкхана Словакийн мехкан негleхь а , Карпаташ бухахь а долу латтанаш, ткъа Полякийн пачхьалкхана кхочуш дара масех неврера латтанаш. 1939-чу шарахь бекарг баттахь кхоьллинера Хьалхара Словакийн Республика, йуха Богемин , Моравин протекторат кхоьллинчул тlaьхьа Лоьмсойн пачхьалкхо шен доле дерзира шадолу дисина чехийн латта.

Муьнхенан чlaгlам лоруш бу Лоьмсойн пачхьалкх дlaтейаран бахьанийн уггар лаккхарчу даржехь бу аьлла. Xlитлера Европехь баккха гleрташ хир болу тloм тlaьхьатеттира. Сийлахь-йоккхачу Британис а , Перенгийн пачхьалкхо а кхетийтинера Чехий-Словакийн пачхьалкхан мехкан урхалла шайгара гloьне сатийса ца эшарна лоьмсойн бехкамаш кхочуш ца бахь. Тlaмех ларйала Чехийн-Словакийн пачхьалкхо тleлецира чlaгlaман бехкамаш.

Дlaдоладале

Чехийн-Словакийн пачхьалкх 1920—1938-чу шерашкахь

Австрихойн-Мажаройн шуренан дакъах йина йолу Чехийн-Словакийн пачхьалкх кхоллайелла Версалан чlaгlaм йазбича 1919-чу шарахь. Цу пачхьалкхан бухбиллархой бу цуьнан латтанаш ма-хуьллу даккхий дина болу Масарик а , Бенеш а. Цу пачхьалкхехь чехаш бара герга 46 % , словакаш — 13 %, лоьмсой 28 %, мажарой 8 %, бисина болу 5 % йуккъахь дукхахьолахь бара украинхой а, полякаш а, жуьктий а[2]. Австрихойн махках къастаро аьтто белира Чехийн-Словакийн пачхьалкхана пачхьалкхтамбарах кleлхьарайала, Лоьмсойн а , Австрихойн а пачхьалкхалша бан безаш болу. Цу xlyмано уьш хьалхабовлийтира ерматалла кхиорехь лоьмсойл , цуьнца пачхьалкхан къеп латтайан, словакийн дlaкъастагleртар долушехь а

Амма 1929—1933-чу шерашкахь хилла йу икномикан халонаша битира дукха нах арахь, цу тle 1933-чу шарахь дуьйна цигахь болу лоьмсошна гloвттарна кечбеш laткъам бан йолайелира Лоьмсойн пачхьалкх. Цу халонаша дукхо зе дира кхечу мехкашка духкуш сурсатан йерматалле тleтоьвжина болу Судетан лоьмсошна , цундела 1936-чу шарахь 60% белхазхо лоьмсо вара.

Амма и шадерг долушехь Лоьмсойн пачхьалкхаца доза долу Чехийн-Словакийн пачхьалкх ша чloгla йара тleман хьокъехь. Цу xlумано синтем бойъура лоьмсойн куьйгаллин. Болалахь тleман йуьхьехь цуьнан латтанаш хила мегара негleра Лоьмсойн махкана кеманаш тleлатаран туп. Цу массочу xlyман тle лоьмсошна шайна вон хир йацара аьлла хетара церан тleман йерматалла. Цундела Судетан лоьмсошна гlo дар хила тарло Чехий-Словакийн пачхьалкхан чуьра гlyллакхашна йукъагleртаран бахьана[3].

1938-чу шарахь йуккъерчу Европехь долу хьал

1938-чу шарахь Чехийн-Словакийн пачхьалкхехь laш дара 14,000,000 адам, царех 3,500,000 Судетехь laш болу лоьмсой (2,8 млн), иштта а Словакийн махкахь а, Карпатан тleхьара Украинхойн махкахь а (Карпатехь lаш болу лоьмсой, 700,000 адам). Чехийн-Словакийн пачхьалкхан йерматалла , цу рогleхь тleман а , уггар тоьллачарех йара Европехь. «Шкода» заводаша лоьмсойн дlaлацар тlepa полаькашца тloм балале дуьйна динера оццул тleман сурсат, оццу хенах Сийлахь-йоккхачу Британин тleман йерматалло дина дерг санна[4]. Чехийн-Словакийн пачхьалкх йара герз арахьа дохка дечарна йукъахь уггар тоьллачарех цхьаъ, цуьнан сур дикка герзаца кечдина долуш тleтовжуш дара Судетехь йолучу ондачу чlaгloнашна.

Йуккъерчу бleшеран боленан дlaлацаран тlaьхье йолу Судетан лоьмсой[5] бара кхузахь 90%. Чехийн-Словакийн пачхьалкхо ша-шена урхалла дар кхайкхадича Австрихойн шуренехь лоьмсоша дайъира йукъараллехь шайн гloли долу хьал , цундела царна йукъахь дlaсабаьржира кхетам царна цу пачхьалкхехь болу славаьнаша гleло йеш йу аьлла. Цара тleдожадора Лоьмсойн пачхьалкхаца йухавовшахкхетар.

Мехкан урхалло сацам бира Къоман кхеташонехь а, шайн урхаллехь а Судетан лоьмсойн векалалла а , laмош-кхиорехь ненан мотт а хилийта , амма laткъам дla ца баккхабелира. Цу дlaхьедаршна тlетовжуш Xlитлера 1938-чу шеран чиллин баттахь кхайкхам бира рейхстаге «Чехийн-Словакийн махкахь лоьмсойн вежаршкахь долучу къизачу дахаран хьолана тергам бе» олучу кхайкхамца.

Ша чlaгlaм

Товбецан беттан 29—30-чу деношкахь Муьнхенехь Баьччин цlaхь хиллера къастамаллин вовшахкхетар. Чlaгlaман бух бара Италхойн пачхьалкхан алар, Xlитлерин Чемберленица вовшахкхеттачехь тleдожорех кхин башхалла йоцуш йолу. Чемберлена а , Даладес а тleлецира уьш.

1938-чу шеран товбецан беттан 30-чу дийнахь буьйсанна сахьт даьлча Чемберлена а, Даладе а, Муссолинис а, Xlитлера а куьг тalийра чlaгlaм кleл. Йуха и чlaгlaм йазбинчу чоьн чу чубахкийтира чехийн-словакийн векалш. Чlaгlaман коьртачу бехкамашка хьаьжча цара (Войтех Мастни а, Хуберт Масарик а) дуьхьало йира. Амма тlaьххьара а Перенгийн пачхьалкхан а, Британин а куьйгаллин laткъамца куьг тalийра Судет дlaлуш йу аьллачехь. lyьйранна Къом-дас Бенеш Къоман кхеташонан къобалдар доцуш кхочушбан волавелира и чlaгlaм.

Товбецан беттан 30-чу дийнахь Британис а, лоьмсоша а вовшашна тleцалатаран дlaкхайкхор йаздира, изза дlaкхайкхор лоьмсоша перенгашца йаздира жимма тlaьхьо.

Муьнхенехь йазбина болу чlaгlaмо лаккхара кхиамаш баьххера ингалсхоша лоьмсошна дечу «дlaтедарана». Иштта Чемберлена ша кеман чуьра чувуссушехь аьллера: «Ас машар беъна вайн чкъоьрана».

1938-чу шеран товбецан беттан 10-чу дийнахь Чемберлен Xlитлерица вовшахкхетале политикин хьокъехь шадолу хаттаран Мехк-ден хьехамчас Гораций Уилсона аьллера Чемберлене «Лоьмсойн пачхьалкх а, Ингалс а ши чlaгlo йу шуренан къепе латтайеш болшевизман дохадаран тleгlopторана дуьхьал»[6] бохучу дешнех лаьцна хетачух хадабина лаккхара мах дlaхаийта лоьмсойн баьчче аьлла.

Цхьаболучу гушламан талламхойн хетарехь Муьнхенан чlaгlaм йаз ма бина Чехийн-Словакийн пачхьалкхан тleман а, бахаман гlyллакхан нуьцкъалла а дlaйелла йара Xlитлерина, цундела и тешшера шайга кхидla буссера пачхьалкхан белхахошна xlилланаш далур ду аьлла , цуьнан кхин а аьтто белира кхидla шайн laткъам баржоран некъ бан[7].

Вукха агloра 1938-чу шеран эсаран беттан 4-чу дийнахь Москохьехь волу перенгийн пачхьалкхан векал Робер Кулондра билгалдаьккхира и чlaгlaм «къаьсттина чloгla кхерам бу Советан leдалана.Чехийн-Словакийн пачхьалкх йукъацагleртийтинчул тlaьхьа Лоьмсойн пачхьалкхана схьабиллина бу негla-болене некъ». Изза дуьйцуш ду векалийн тоьшаллин кехаташкахь laьмаркехь а, Перенгийн а, Лоьмсойн а, Италхойн а, Полаькийн а, кхидолу мехкашкахь а[8].

Судетан гlyллакхах даьлларг

Судет схьайаккхар Чехийн-Словакийн пачхьалкх къасторан йуьхь бен йацара.

Лоьмсойн куьйгалло кхидla дийр дерг и гlyллакх даьллачул тlaьхьа Муьнхенехь дуьйцуш дацара.Агloнаш дуьхьал йацара Словакийн мехкан шакъастаран бакъонах, ткъа дисина долу Чехийн-Словакийн пачхьалкхан дакъа — Чехийн мохк laлашбаран йукъархилар дара.

Кхидla лоьмсоша Чехийн-Словакийн пачхьалкх дlaлаьцча гучудера ду «дlaтедаро» тloм сацбийр боций — Xlитлерин тlеман лаамаш кхин а чloгla схьакъаьстира[9].

Муьнхенан чlaгlaм хиллера къастамаллин хиллам Версалан къепана , цо йохийра Европан нана-латтан тleхь xloьттина йолу къеп Шуренан хьалхара тlом баьллачул тlaьхьа.«Муьнхен-38» хилира Европехь йукъара кхерамзалла латторан гlyллакхан бохам , тlaьхьенаш чехашна а , словакашна а хилла ца laш массарна а тleдевр дуй хааделира.И бохург дара лоьмсойн laткъам чlaгlлуш буй Боленан Европера мехкашна а, кегий къаьмнашна а, xlyнда аьлча духьало йан аьтто дlaбелира цаьргара[10].

Полаькийн пачхьалкх цу декъарехь

Ингалсан а, йуха дlaкхетта болучу Перенгийн мехкан а политико хетийтинера шен дlaлацаран лаамех валалуш воцучу Xlитлерина ша Европан паччахь вуй.Цхьана хенана цуьнан бартхо хилира цу Чехийн-Словакийн латтанаш декъарехь Судетехь долу хьал уггар карзахдаьллачу хенахь чехашна Тешин (цигахь laш вара 80 эзар полаьк а, 120 эзар чех а) схьайаларца доьзна долу хаддош дlaхаийтар дина йолу Полаькийн пачхьалкх.

Товбецан беттан 27-чу дийнахь изза тleдожор йуха аьлла дара.Полаькийн маттахь йара йолалуш чехашна дуьхьал моха.Иштта олуш болучу «Силезин гlaттамхойн бертан» цlaрах Варшавехь къайла а ца кхоьхьуш ала мегар долуш нах лоцуш бара «Тешинан лаамхойн корпусе».Цул тӀаьхьа «лаамхойн» тобанаш йоьлхурв Чехийн-Словакийн пачхьалкхан дозане, цигахь цара герзаца карзахдаккхарш а, бохамаш а, герзларманшна тӀелетарш а дора . Полаькийн кеманаш xlopa денна чекхдовлура церан дозанал. Лондонехь а, Парижехь а болу кхечу пачхьалкхашца йукъаметтиг лелош болучу полякийн гlyлаккхой болуш бара Судетенан а, Тешинан а хьолехь болу ладам цхьатерра хилийтарна, ткъа цу хенахь лоьмсойн а, полаькийн а сурхой дозанаш xlиттайеш бара цу пачхьалкха чу тleгloртар хилахь. Советан пачхьалкхо чехашна-словакашна гӀо дархьама шайн сураш а, кеманаш а чекхдовлийтарна бакъо йехарна цара къобал ца дира и.

Товбецан беттан 23:45 даьлча Муьнхенан чlaгlaм йазбечу дийнахь Полаькийн пачхьалкхо дахьийтира Праге рожера хаддош дlaхаийтар[11], цуьнци лоьмсошца цхьаьна чудигира шайн сураш цара а, чехаша-словакаша а 1918—1920-чу шерашкахь цаьрца къийсина йолу Тешине. Оццу хенахь полаькаша xlинцале дlaсайаржира шайн сурхойн каде тоба «Силези» (бlaкуьйгалхо инарла Владислав Бортновски) 23-гla гlaшлойн а, 21-гla ломан кхоссаохойн а дивизи а, масех къаьстина полк а (шаберш 36 эзар адам, 80 танк, 9 гlaгl диллина конк, 104 йаккхий тоьпаш, 99 кема) йолуш шайн xloттамехь, кхин а 3 дивизи а, цхьа бригада а йара тlaьхьалонехь латтайеш «хьал чолхе далахь» а аьлла.[12] Шуренан дlaкъастарехь нисделча Чехийн-Словакийн пачхьалкхан мехк-урхаллин кхин xlyмма а ца дуьсура полаькийн тleдожорш тle а лоцуш сураш дlaдахар цигара бен. Эсаран беттан 1-чу дийнахь Тешинан латтанаш дla а лаьцна схьадаьххера полаькаша[13].

Эсаран беттан 2-чу дийнахь Чехийн-Словакийн пачхьалкхо реза хилира латтанийн хьокъех долучу хаттаршца доьзна долу дагадовлар дан бохучу мажаройн дlaхьедарана, уьш кlира даьллачул тlaьхьа далур ду аьлла хеташ, кlopга аьлча изза xlyманаш лоьмсошца а, полаькашца а къастийнчул тlaьхьа, xlyнда аьлча цара дlaлоцур шаболу пачхьалкхан мехк-урхаллин тергам.[14]

Берлинера берш кхин тleра ца бевла Халкъда Бенеш гlyлкхазлоне воьдуш ву эсаран беттан 5-чу дийнахь. Цуьнан меттиг хенана дlaлоцу инарла Сировис.

Чехийн мохк тleтохар

Цу хенахь ша йоькъучу пачхьалкха чохь бара ладаме баккхам словакийн националисташна а, Праган мехк-урхаллина а йукъахь. И баккхам лелабира Xlитлера кхидla йисина йолу «Чехийн махках йисинарг» (лоьм. Rest-Tschechei) схьайаккха бахьана санна[15].

Эсаран беттан 7-чу дийнахь лоьмсойн laткъамаца Чехийн-Словакийн пачхьалкхан мехк-урхалло сацам бо Словакиийн мехкана ша-шена урхалла даран бакъо йаларана, йуха вукха дийнахь — Карпат бухахь йолучу Русина.

1938-чу шарахь эсаран беттан 9-чу дийнахь Комарнахь доладелира чехийн-словакийн—мажаройн дагадовларш. Чехийн-Словакийн aгlo реза хилира Мажаройн пачхьалкхе Словенске Нове Место боху (1918-гla шо кхаччалц — Шаторалаьуйхей бохучу гlaлин гlaлин йист) эвла а, Шаги гlaла а. Эсаран беттан 12-чу дийнахь и ший а нах беха меттиг дlaйелла йара мажарошка.

1938-чу шарахь эсаран беттан 21-чу дийнахь Xlитлера «Чехийн махках йисинчуьнца» къастадан дезаш долу къайлах буьйр до.

1938-чу шеран лахьанан беттан 2-чу дийнахь Мажаройн мехкана Хьалхарчу Венан кхозлагlчо йечу кхелан сацамаца кхечира негlан (аренан) словакийн а, Карпат бухах йолучу Русин а (гlaланашца Ужгород, Мукачево, Берегово) кlошташ.

1939-чу шарахь Праге вахийтина волу Xlейдрих шайн нахехула волавелира кхузара нах лоьмсошна дуьхьал карзахбаха. Чехийн-Словакийн пачхьалкхан мехк-урхалла дукха чloгla кхетара цу кхераман ладамах, цундела гlaлин урамашкахула тlaьхьа хаам бан конкаш йахийтира цо. Къамел дуьйцучара доьхура нахе карзахбахарана leха ма ло бохуш.[15]

1939-чу шеран бекарг беттан 14-чу дийнахь Мехк-дас Йозеп Тисос схьагулйина йолучу Словакийн мехкан ша-шен урхалла даран мехк-кхеташоно сацам бира Словакийн мохк Чехийн-Словакийн пачхьалкхан араболуш а, керла маьрша словакийн пачхьалкх кхуллуш а йу аьлла. Керлачу пачхьалкхан Мехк-да вара хаьржина Йозеп Тисо.

Бекарг беттан 14—15-чу деношна йукъахь йолу буьйсанна схьакхайкхина волучу Чехийн-Словакийн пачхьалкхан Халкь-дена бевзийтинера Риббентропа хьалххе кечбина чlaгlaм, цуьнан чулацамехь дуьйцура:

Тахана Берлинехь баьччас а, мехк-урхаллин куьйгалхочо арахьарчу гlyллакхийн коьртачу урхаллин куьйгалхо а волуш тleлецира Чехийн-Словакийн пачхьалкхан Халкъ-да Гаха а, арахьарчу гlyллакхийн коьртачу урхаллин куьйгалхо Хвалковски а церан дехараца.

Хилла болучу вовшех дагадовларехь дийцира тlaьххьарчу кlиранашкахь тохарлерачу Чехийн-Словакийн пачхьалкхан латтан тleхь долу ладаме хьал.

Цу тle шина а агloно билгалйаккхира шайн шеко йоций шиммо а шайн мел ницкъ кхочу паргlaто а, къеп а, машар а латтабан безий кху йуккъерачу Европан декъехь. Чехийн-Словакийн пачхьалкхан Халкъ-дас цу тle элира цу laлашонан а, тlaьххьара а барт хилийта а цо шеко йоцуш дlaло чехийн халкъан а, мехкан а дахар Лоьмсойн пачхьалкхан баьччанан куьйге.

Xlapa дlaхьедар тleлецира чехийн нах Лоьмсойн пачхьалкхан лардаре а баьхха царна шегара ша-шена урхалла долу дахар кхолла реза хилла волучу баьччас[15].

lyьйренна диъ даьлча Xleринга коьрта-гlaлина тle кеманаш хуьйцур ду аьлла кхераман бехкана хилла деган чарп текхинчул тlaьхьа Гаха зleне велира Прагаца, ткъа йуха цо тleлецира лоьмсойн бехкамаш, пачхьалкх маршонах йолуш и дlaлацар тle а лоцуш.

Оццу дийнахь Праган гlaланехь Xlитлера элира : «Ас сой хьеставеш вац, амма ала деза ас шадерг таме дина аьлла». Ингалсо а, Перенгийн пачхьалкхо а тleлецира и хийцалур доцу хилла даьлла xlyма санна, xlyнда аьлча цара шайна тleдиллинера тloм ма-хуьллу гено йухатеттар. Xlитлера ваьккхира шайна керла бартхо (Словакийн пачхьалкх), цу тle шайн йерматалла дикка чlaгlйира[16].

Бекарг беттан 15-чу дийнахь Лоьмсойн пачхьалкхо чудехира Чехийн мехкан xloттамехь дисина долу латтанаш чу сураш, цул тlaьхьа кхайкхадира царна тlаьхьа верасалла (верасаллин Богеми а, Морави а). Чехийн суро цхьаа дуьхьало ца йира дlaлацар дечарна; йукъардаккхар ду 40 минотехь Павлик капитанан рото Мистек гlaлахь дина долу латар бекарг беттан 14-чу дийнахь.

Лоьмсойн пачхьалкхан доле кхечира 9 гlaшлойн дивизина герз далийтина йолу тохарлерачу чехийн-словакийн суран дукхахйолу герзан тlaьхьалонаш а, нуьцкъала тleман чехийн йерматаллин гlишлонаш а. Советан пачхьалкхана тleлатале 21 танкийн дивизин йукъара 5 йара чехаша арахецначу танкех xloттам болуш[17].

Оццу дийнахь шайн маршо кхайкхира Карпат бухахь йолучу Русо. Иштта Чехийн-Словакийн пачхьалкх йоьххера Чехийн а (Богеми, Морави шайна чохь йолуш) а, Словакийн пачхьалкха тle,кхин Карпатан Украинхойн пач (последняя была сразу же оккупирована Венгрией вместе с частью Словакии). Йозеп Тисос Словакийн пачхьалкхан мехк-урхаллин цlaрах дехар динера Лоьмсойн пачхьалкхан мехк-урхалле шайна верасаллла де аьлла.[17] Мажаройн Карпатан Украинхойн мохк дlaлацаран даредар lитталуш дара цигара долучу тleман вовштахаро дечу латаршца.

Бекарг беттан 19-чу дийнахь Советан мехк-урхалло дlaхьедар до лоьмсошка Чехийн-Словакийн пачхьалкхан латтанаш дlaлацар шаьш къобал ца до бохуш.

Богеми а, Морави а чу тleлатале цхьаболучу лоьмсойн инарлаша къайлахбарт беш бара Xlитлерина дуьхьал, xlyнда аьлча царна хетара цу тleлатаро керла шуренан тloм боккхур бу, цундела уьш дуьхьал бара цунна [18]. Амма Муьнхенан чlaгlaмо дlaбаьккхира шуренан тleман кхерам, цуьнца а къайлахбартхойн жигаралла.

Нуьрберган даредарехь Кейтеле деллера хаттар[19][20]: «Тleлетара йарий Лоьмсойн пачхьалкх 1938-чу шарахь Чехийн-Словакийн пачхьалкхана нагахь санна Прагана буссенан пачхьалкхаш тlexlиттинехьара?» Жоьпо бохура: «Йацара дера. Тleман хьокъехь хила ма-дезза чloгla дацара тхо. Муьнхенан laлашо (Муьнхен аьлла буьйцург Муьнхенан чlaгlaм бу) йара Оьрсийчоь йистах а йаьккхина, хан а йаьккхина Лоьмсойн пачхьалкхан герздалар чекхдаккха».[21][22]

Мемел тleтохар

1939-чу шарахь бекарг беттан 23-чу дийнахь ца бича ца болучу Литвахойн пачхьалкхан мехк-урхаллин бертаца Мемел гlaла а, цуьнан гондахь долу латтанаш а цигахь дикка дукха лоьмсой laш бара аьлла дела xlинцале цига шайн сураш чудахийтина йолучу Лоьмсойн пачхьалкхана дlaделира уьш[15].

Данциган гlуллакх

1939-чу шеран йуьхьехь Лоьмсойн пачхьалкхе ца кхочушйелира шайн laлашо толамхойн сацамца Померани а, болера Прусси а Полаькийн пачхьалкхана дlaйаларца кхоьллина йолучу «Данциган чекхдолийлан» хьокъехь, цо кхочуьйтура Балтикан xlopде. Ткъа цу хьолехь Лоьмсойн мехкан коьрта дакъа деккъа хуьлура цуьнан орамерачу латтанах — Болера Пруссин мохк Хьал кхин а талхадора цу чекхдолийлехь Къамнийн цхьаьнакхетаран бакъонаш билгалйаьхначу кехатехь «Маьршачу гlaлин» бакъонаш йолуш чохь лоьмсой болу Данциг гlaла хиларо.

Кхолламан беттан 5-чу дийнахь Xlитлера тleлацар кечдира полаькийн арахьарчу гlуллакхийн коьртачу урхаллин куьйгалхочунна Бекана Берхтесгаденехь, шайн цаьрца долу хьашташ цхьатерра дагlар дуьйцуш Советан тleлатаран кхерам мел бу Лоьмсойн пачхьалкхана кхин хила йиш йоцуш оьшуш йу тleман хьокъехь чloгla Полаькийн пачхьалкх. Цунна тle Бека жоп делира Полаькийн пачхьалкх коммунизмана дуьхьал йалахь а цо цхьаа гlyллакхаш лелор дац Советан leдалана дуьхьал, xlyнда аьлча цу хьокъехь цуьнан цхьаа йукъархилар перенгийн а, ингалсхойн агloнера. Иштта полаькашна а, лоьмсошна а йукъахь хила мегаш болу тlом хилаза ца болур.

Бекарг беттан 21-чу дийнахь Xlитлера эхьар до полаькашка ша Полаькийн пачхьалкхан буссера дозанаш а, Данциган чекхдолийла а, Данцигера маьрша хикеманаш дlaxlуттийла а, полаькийн лаамаш Украинхойн мехк тle а къобалбийр бу аьлла уьш лоьмсойн нах маьршачу гlaла Данциге а, болерачу Пруссе боьдучу некъашхула асане кхалхабахь. Полаькийн мехк-урхалла реза ца хилира.

Чемберлен тlaьххьара а кхийтира ша 1937-чу шарахь дуьйна дечу «дlaтедаран гlyллакхо» шайна тleдиллинарг кхочуш ца диний.

1939-чу шеран бекарг беттан 31-чу дийнахь Чемберлена элира Полаькийн мехкан маршо кхерамехь хилахь Ингалсан мехк-урхалло ницкъ мел кхочу йукъархилар дийр ду цуьнан маршонна.[23]

Ингалсо а, Перенгийн махко а сихдира шайн герздаларан даредар. Перенгийн махкахь йукъадаьккхира шина шеран тleдожоран бlaьхойн декхаран leдал.

Оццу шерашкахь шайн ламастехь Европера гlyллакхаш чу ца гleртар дохийра Iaьмарко.1939-чу шеран оханан беттан 14-чу дийнахь италхойн сурхой Албанхойн махка чу бахча Халкъ-дас Рузвелта дlaхьедар дира Xlитлере а, Мусоллинега а хаддош дlaxaийтаран кепехь, цу чохь хоттуш дара: «Йукъарахилар дан йиш йуй шун шун герздолу ницкъаш тlелетар бац аьлла кху пачхьалкхашна: финнийн а, литвахойн а, латишийн а, эстонийн а, норвегийн а, шведийн а, датхойн а, голландхойн а, белгихойн а, Сийлахь йоккхачу Британина а, ирландхойн а перенгийн а, португалхойн а, испанхойн а, швейцаройн а, Лихтенштейнана а, полаькийн а, мажаройн а, руминийн а, Йугославина а, оьрсийн а, болгарийн а, хункархойн а, Иракана а, laьрбийчоьнна а, шемахойн а, Палестинина а, мисархойн а, шалгloйн а?»

Цу дlaхьедарана жоп делира Xlитлера мехк-кхеташонехь оханан беттан 28-чу дийнахь.[24] Xlитлера багарбора шен урхаллехь хилла болу кхиамаш , цу рогleхь лоьмсойн къоман цхьаалла , белхазалла лахайар, тleман бохамах хуьлург дlaдаккхар, иштта кхидla. Цу тleхь цо билгалдоккхура и шадерг цо гleло ца йеш дина дуй. Цо тleхтоьхира Ингалсана а, Полаькийн пачхьалкхана а церан 1939-чу шеран 28-чу оханан беттан 28-чу дийнахь йазбина болу чlaгlaм, иштта цо элира «шега хьалххе алалур дац xlyн бахьанаш дан дезар ду ша йогlyчу хенахь машар кхачобан.

1939-чу шеран оханан беттан 3-чу дийнахь Xlитлера хьалхара буьйр делира Полаькийн пачхьалкхана дуьхьал тleман гlyллакх (Fall Weiß) кечдаран хьокъехь. Цу тle ша динчунна жамl деш цо билгалдаьккхира 80,000,000 адам долу лоьмсойн бахархойн къоман цхьааллин халонан хаттар къастадина хилар. Амма къастадан деза кхин йолучу пачхьалкхийн долахьдерг хилахь бен къасталур доцу бахаман хаттар (цкъа дуьххьара Полаькийн пачхьалкхера) «Перенгийн пачхьалкхаца а, Ингалсаца а эип болу тloм хир бу loжаллин къйисам», xlyнда аьлча «къамел бакъонах йа цуьнан талхорах лаьцна бац, ткъа бу дахарах йа loжаллах 80,000,000 адаман»[15].

Пачхьалкхан leдалан гlyллакх дечеран маххадорш

Йолуш йу чlaгlaм Перенгийн пачхьалкхан духадаларийн йехачу зleнан жамl ду боху ойла. Иштта 1923-чу шарахь Рур дlaлаьцначул тlaьхьа цара цхьаа бахьана ца дира Версалан къеп талха ца йайта. Пачхьалкхантамбар ца байтира цара; лоьмсоша герз алсамдаккхар хецна дитира цара ; лоьмсошка тlaмех йихкинчу Рейне сураш дlaxlиттадайтира; цара цхьаа xlyма ца дира австрихойн маршо ларйан. Цара кхоьссира Чехийн-Словакийн пачхьалкх цуьнца болу барт кхераме хилча. Цундела цигара схьадолу Муьнхенехь хилла дерг перенгийн пачхьалкхан leдалан гlyллакхан йуьхьиг ца хуьлуш чаккхе хилар. Перенгаша тleлоцура царна гlo дар шайн декхар дуй, амма цара ца текхира и декхар дукха хала а, кхераме а ду аьлла. Тохарлерачу Перенгийн пачхьалкхан Мехк-дас Леон Блуьма бохура ша Муьнхенан чlагlaмех лаьцна кхаъ тleлецира «вовшахэделлачу эхьаца а, гloлинца а»[25]. Ткъа церан xlopд дехьа болучу лулахойн хетамаш кхин берш бара. Иштта цу чlaгlaмна дуьхьал вара Уинстонн Черчилл ; Xlopдан каспан хьалхара лорд волучу Дапп Купер гlулкхазлоне вахара ша чlaгlaм йазбарна реза воций гойтуш[26].

2018-чу шарахь Европан мехк-кхеташоно дlaкхайкхор ца дира Муьнхенан чlaгlaман хьокъехь, ткъа 2020-чу шеран 19-ву товбецан беттан дийнахь динчу дlaкхайкхоран къйисаршкахь дlaкхайкхоран йозан чуьра дlaдаьккхинера Муьнхенан чlaгlaм йемалбеш хьахор [27].

Беламан суьрташ

Кху тleхь гойту шайна тle ца кхачийта (машарбаран гlyллакх) гаьн тle хьалабевла ингалсхой-перенгий шина барзе (Xlитлере а, Муссолинига а) паргlaт йааxlyма (Чехийн-Словакийн пачхьалкх) йууьйтуш
Кху тleхь гайтина чуда йоькъуш кхоъ куьг: полаькийн а, мажаройн а, лоьмсойн а уьш коьрта декъашхой хиларна къедамаш беш

Тleхьажоргаш

Билгалдахарш

  1. LAKOSIL, Jan; SVOBODA, Tomáš. Sudety 1938. Praha: Mladá fronta, 2014
  2. Усовский А. В. Военные преступники Черчилль и Рузвельт. — М.: Яуза-Пресс, 2012. — С. 228. — 288 с. — ISBN 978-5-9955-0474-0.
  3. Исаев А., Драбкин А. История Великой Отечественной войны 1941—1945 гг. в одном томе. — М.: Яуза; Якорь, 2018. — С. 22—23. — ISBN 978-5-04-093289-4.
  4. Павлов Н. В. Внешняя политика третьего рейха (1933—1945) Архивйина 2020-10-27 — Wayback Machine // MGIMO.ru. — 2012. — Январь.
  5. Nolte E. Die faschistischen Bewegungen. München, 1966. S. 246.
  6. Paul Vyšný. 13. The collapse of mediation // The Runciman mission to Czechoslovakia, 1938: prelude to Munich. — Palgrave Macmillan, 2003. — P. 295. — 376 p. — ISBN 0333731360.
  7. Исаев А., Драбкин А. История Великой Отечественной войны 1941-1945 гг. в одном томе.. — Москва: Яуза, 2018. — С. 26.
  8. Сиполс В. Я. Дипломатическая борьба накануне второй мировой войны. — М.: Международные отношения, 1979. — 320 с. Тираж 27 000 экз.
  9. под ред. О.И.Рещикова и М.С.Слонской. Вторая мировая война в зарубежных учебниках истории: хрестоматия. — Москва: МГИМО МИД РФ, 2017. — С. 92.
  10. Deutsche Welle (www.dw.com). О чем договорился Гитлер с британцами и французами в 1938 году? | DW | 30.09.2018(бил-боцу.). DW.COM. ТӀекхочу дата: 2021 шеран 26 июль. Архивйина 2021 шеран 26 июлехь
  11. Нота правительства Польской Республики правительству Чехословацкой Республики о немедленном проведении референдума в областях Чехословакии, населенных этническими поляками, и передаче этих территорий под юрисдикцию Польши со всеми военными и хозяйственными сооружениями. ТӀекхочу дата: 2024 шеран 21 февраль. Архивйина 2024 шеран 21 февралехь
  12. Платошкин Н. Н. Забытый пособник Гитлера. Оккупация Польшей территории Чехословакии в 1938 году. // Военно-исторический журнал. — 2017. — № 1. — С.3—9.
  13. СВР РФ: «Польский след в трагедии XX века». Архивные материалы, относящиеся к внешнеполитическим манёврам Варшавы в период 1935—1945 годов Архиван копи 2018 шеран 11 октябрехь дуьйна Wayback Machine тӀехь, 15 сентября 2009
  14. Волков В. К. Мюнхенский сговор и балканские страны. М.: Наука, 1978.- с. 44
  15. 1 2 3 4 5 Gerhart Binder. Epoche der Entscheidungen/ Eine Geschichte des 20. Jahrhunderts. Sechste Auflage. Stuttgart-Degerloch: Seewald Verlag. 1960.
  16. Gerhard Schreiber Kurze Geschichte des Zweiten Weltkrieges. Verlag C. H. Beck oHG, München 2005 .
  17. 1 2 Павлов Н. В. Внешняя политика третьего рейха (1933—1945) Архиван копи 2020 шеран 27 октябрехь дуьйна Wayback Machine тӀехь // MGIMO.ru. — 2012. — Январь.
  18. Марк Алданов Мир после Гитлера // Международный журнал литературы и общественных проблем «Время и мы». — 1984. — № 81. — С. 9.
  19. Факты против мифов: подлинная и мнимая история второй мировой войны / Орлов А., Новоселов Б. — М.: Молодая гвардия, 1986. — С. 38.
  20. Reynaud Paul. La France a sauve l’Europe. Vol 1. P. 561.
  21. Яковлев Н. США и Англия во Второй Мировой войне. Гос. учебно-педагог. изд-во, 1961, с. 38.
  22. Svjatoslav J. Rybas. Mnichov — Benešovo proroctví, Praha, 2018.
  23. Документы и материалы кануна Второй мировой войны 1937-1939 гг. в 2-х томах. Москва. Политиздат. 1981. , стр. 62
  24. Der II.Weltkrieg /Dokumentation Das III.Reich. Gütersloch :Mohndruck Graphische Betriebe GmbH,. 1989 ISBN 3-88199-536-6
  25. Тейлор, 2025, с. 291.
  26. Тейлор, 2025, с. 294.
  27. Кантор Ю. З. 75 лет спустя: память о войне и войны памяти. Девиации исторической политики в Восточной Европе и на постсоветском пространстве // Пути к Победе. Человек, общество, государство в годы Великой Отечественной войны: материалы XIII Международной научной конференции. Екатеринбург, 21 — 24 июня 2021 г. / Отв. ред. А. К. Сорокин. — М.: Политическая энциклопедия; Президентский центр Б. Н. Ельцина, 2021. — С. 611.