Советийн Союзан Коммунистийн парти

Советийн Союзан
Коммунистийн парти
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш

Сове́тийн Сою́зан Коммунисти́йн па́рти[1] (офиц. аббр. ССКП; къам. па́рти) — Советийн Социалистийн Республикийн Союз урхаллера политикин парти.

1920-гӀа шерашна юьххьера 1990 шеран март кхаччалц партис (тайп-тайпана цӀерашца — РКП(б), ЕКП(б), ССКП) болхбира цхьаьна партин системин хьолашкахь, политикин Ӏедална монополин бакъо яра, цуо гӀодора махкахь автократин раж хӀотторехь. И статус чӀагӀйина яра конституцица: 1936 шеран Конституцин 126 яззамехь. Цуо кхайкхайора Коммунистийн парти пачхьалкхан а, йукъараллин а къинхьегамхойн а кхолламан «урхаллин хӀоъ», ткъа 1977 шарахь тӀеэцначу ССРС Конституцица ССКП, 6 яззамца, кхайкхийна советийн йукъараллин куьйгалла ден а, нийса новкъа йоккху парти.

1991 шеран 19—21 августан хиламаш бахьана хилира ССКП конституцин дуьхьала гӀуллакх леладарна бехке ян. 1991 шеран 6 ноябрехь арадаьллачу РСФСР Президентан № 169 йолу омарца ССКП а, цуьнан республикин кхолламан болх а — РСФСР КП — сацийра, кхолламан структураш дӀасахийцира, бахам схьабаьккхира. Амма РФ Конституцин Суьдо 1992 шеран 30 ноябрехь суьдан № 9-П йолу Сацам бира, цуо билгала даьккхира конституцица догӀуш цахилар ССКП—РСФСР КП юьхьанцара кхолламийн болх цамагор. ГӀуллакх сацийра ерригсоюзан кхоллам бохарца а, статус яраца а[2].

ХӀинца Российн Федерацин махкахь ССКП политикин идеологин когаметта ю РФКП.

ЦӀе

РСДБПРСДБП(б) — РКП(б) —
ЕКП(б) — ССКП

Партин истори
Октябран революци (1917)
ТӀеман коммунизм (1918—1921)
Керла экономикин политика (1921—1928)
Ленинан кхайкхам (1924)
Партин чуьра къовсам (1926—1933)
Сталинизм (1933—1953)
Хрущёвн йовхонаш (1953—1964)
Сацаран мур (1964—1985)
Хийцам (1985—1991)

Партин кхоллам
  • Политбюро
  • Секретариат
  • Оргбюро
  • Центран Комитет
  • Обком
  • Гуонком
  • ССКП ГӀалком
  • КӀоштком
  • Партком

Партин куьйгалхой
В. И. Ленин (1903—1924)
И. В. Сталин (1924—1953)
Г. М. Маленков (1953)
Н. С. Хрущёв (1953—1964)
Л. И. Брежнев (1964—1982)
Ю. В. Андропов (1982—1984)
К. У. Черненко (1984—1985)
М. С. Горбачёв (1985—1991)

Кхин:
  • Устав
  • Партин гуламаш
  • Партин конференцеш
  • ЕЛККС
  • «Бакъдерг» газет
  • Ленинан гварди
  • ЕКП(б) йукъара оппозици
  • Йоккха террор
  • Партин дуьхьала тоба
  • Партин инарлин некъ

РСФСР КП
Евсекци

Кеп: Хьажар • Дийцар • Нисйе

Шен белхан тайп-тайпанчу шерашкахь Российн имперехь, Российн республикехь, Советийн Союзехь партин тайп-тайпана цӀераш яра:

Российн социал-демократин белхалойн парти РСДБП 1898—1917
Российн социал-демократин белхалойн парти (большевикийн) РСДБП(б) 1917—1918
Российн коммунистийн парти (большевикийн)[3] РКП(б) 1918—1925
Ерригсоюзан коммунистийн парти (большевикийн) ЕКП(б) 1925—1952
Советийн Союзан Коммунистийн парти ССКП 1952—1991

Сийно гуо бина,
Маршоно чӀагӀдина,
ЧӀагӀло, маьрша лела бӀешерашкахь,
Ленинан парти,
Сталинан парти, —
Хьекъале парти большевикийн!

Большевикийн партин шатлакхан илли

РСДБП

РСДБП кхоллар

Российн социал-демократин белхалойн парти (РСДБП) кхоьллинера Россехь XIX бӀешо чекхдолуш социал-демократин масех тобанийн а, гуонийн базин тӀехь («Белхалойн класс мукъаяккхаран къовсаман барт», «Киевн Белхалойн газетан» тоба, «Бунд», кхин а). РСДБП кхолларан гуламехь вара 9 векал тайп-тайпана Российн марксистийн кхолламашкара, дӀаяьхьира Минскехь 1898 шеран 13 — 15 мартехь (дерриг терхьаш керлачу хатӀца ду). Гуламо кхайкхийра РСДБП кхоллар, тӀеийцира «Российн социал-демократин белхалойн партин манифест», амма фактехь парти централизаци йина политикин кхоллам санна кхоьллина йацара (хӀунда аьлча, гулам чекхболушехь керла хаьржина ЦК декъахой лийцира, ткъа РСДБП дукхаха йолу меттигера кхолламаш хӀаллакбинера)[4][5].

РСДБП II гуламехь (1903 шеран 30 июль — 23 август; Брюссель, цул тӀаьхьа Лондон) чеккхенца партин кхоллам кечбира — тӀеийцира Партин программа, Партин устав, хаьржира центран куьйгаллин меженаш — РСДБП Центран комитет (ЦК), РСДБП Центран меже (ЦМ) («Су» газетан редакци). Гуламехь кечйира РСДБП ши фракци — большевикийн коьртехь В. И. Ленин волу, меньшевикийн коьртехь Г. В. Плеханов а, Ю. О. Мартов а волуш.

Бекъабаларан бахьна хилира ладаме доцу хӀума, партин уставан цхьа пункт; Ленина бахара партин декъахоша «шеш дакъалаца деза», ткъа Мартовс — «ша гӀодан деза». Ма-дарра аьлча, къамел дара парти кхолларехь мегаш долчу тӀегӀанера дара; Ленин гӀертара кхолла морса централизаци йина кхоллам, лакхарчара лахарчарна тӀедиллина директиваш кхочушдан декхарийлахь а болуш. Мартовн лаара малхбузаевропин кепара социал-демократица ян, оцу хенахь уггаре авторитет йолчу германин партин кепара, цуо къуьйсура маьрша ассоциацин хьесап.

II гуламехь хилла къовсам, дукхаха болчу социал-демократашна хетара, лартӀехьбоцуш. Лахарчу кхолламийн тӀегӀанехь дукха хенахь лаьттира цхьаалла; 1917 шеран май кхаччалц лаьттира цхьа могӀа цхьаьнатоьхна социал-демократин («большевистийн-меньшевистийн») партин меттигера кхолламаш.

Когаметтаберш

ССКП цхьа могӀа кхолламан структураша къобал ца дира цамагоран законналла, кхочуш дан реза ца хилира, практикехь къайлаха болх а беш.

ССКП когаметта болу кхолламех уггаре боккханиг бу Коммунистийн партийн барт — Советийн Союзан Коммунистийн парти. 1993 шеран 26-27 мартехь Москохахь хилира ССКП XXIX гуламо кхайкхина кхолларан гулам, цуьнан декъахоша кхайкхийра ССКПх СКП-ССКП яр. 1993—2001 шерашкахь кхолламан лидер вара ССКП ЦК секретарь хилла Шенин Олег[6].

РСФСРехь ССКП кхолламан структурех Российн Федерацин Коммунистийн парти кхолларан база хилира[7].

Литература

  • Андреев Г. Н. Не близнецы, но — братья. // Новый мир. — 1994. — № 4. — С. 185—189. — ISSN 0130-7673
  • Введение, состав руководящих органов РКП(б)-ВКП(б)-КПСС, статистика и биографические справки по их членам. // «Известия ССКП ЦК» 1990. № 7.
  • Коммунистическая партия Советского Союза // Кварнер — Конгур. — М. : Советская энциклопедия, 1973. — (Большая советская энциклопедия : [в 30 т.] / гл. ред. А. М. Прохоров ; 1969—1978, т. 12).
  • Восленский М. С. Номенклатура. Господствующий класс Советского Союза / Предисл. М. Джиласа. — М.: Октябрь; Советская Россия, 1991. — 624 с. — ISBN 1870128176, ISBN 5-268-00063-2.
  • Коммунистическая партия Советского Союза в резолюциях и решениях съездов, конференций и Пленумов ЦК (1898—1988). — 9-е изд. — М., 1983—1990.
  • История международного коммунистического движения. — М.: Весь мир, 2016. — 472 с. — ISBN 978-5-7777-0606-5.
  • История России / Под ред. М. Н. Зуева. — М.: Высшая школа, 1994. — 431 с. — ISBN 5-06-003281-7.
  • Коммунистическая партия Советского Союза // Научный коммунизм: Словарь / Александров В. В., Амвросов А. А., Ануфриев Е. А. и др.; Под ред. А. М. Румянцева. — 4‑е изд., доп. — М.: Политиздат, 1983. — 352 с.
  • Лукашевич Д. А. Юридический механизм разрушения ССРС. М., 2016. 448 с.
  • Коммунистическая партия Советского Союза / Луковцева Т. А., Степанов А. И., Уткин А. И. // Киреев — Конго. — М. : Большая российская энциклопедия, 2009. — С. 669. — (Большая российская энциклопедия : [в 35 т.] / гл. ред. Ю. С. Осипов ; 2004—2017, т. 14). — ISBN 978-5-85270-345-3.
  • Месяц С. А. История высших органов КПСС. — М.: Открытое общество, 2001.
  • Программа Коммунистической партии Советского Союза / Рыженко Ф. Д. // Проба — Ременсы. — М. : Советская энциклопедия, 1975. — (Большая советская энциклопедия : [в 30 т.] / гл. ред. А. М. Прохоров ; 1969—1978, т. 21).
  • Список № 5 исключённых из РКП по Сибири // «Советская Сибирь», № 284 (644), 24 декабря 1921.
  • Центральный комитет КПСС, ВКП(б), РКП(б), РСДРП(б): Историко-биографический справочник / Сост. Ю. В. Горячев. — М.: Парад, 2005. — 496 с.

Билгалдахарш

  1. Официальное наименование партии с 5 октября 1952 года.
  2. Постановление Конституционного Суда РФ № 9-П от 30 ноября 1992 года по Делу КПСС
  3. Известный теоретик марксизма Карл Каутский объяснял смену названия партии Ленина следующим образом:

    [Большевики] уничтожили демократию, которую народ завоевал в мартовскую [Февральскую] революцию. Соответственно с этим большевики перестали называть себя социал-демократами, а приняли название коммунистов.

    Правда, они не хотят совершенно отказаться от демократии. Ленин в своей речи 28-го апреля называет советскую организацию «высшим типом демократии», «полным разрывом с её буржуазной карикатурой». Для пролетария и бедного крестьянина теперь восстановлена полная свобода.

    Но под демократией до сих пор понимают равенство политических прав всех граждан. Привилегированные слои всегда пользовались свободой. Но это не называют демократией.

    Цит. по: Карл Каутский. Диктатура пролетариата. = К. Kautsky. Die Diktatur des Proletariats, Wien, 1918.

  4. История международного коммунистического движения, 2016, с. 137.
  5. История России, 1994, с. 190.
  6. В Москве проходит чрезвычайный съезд совета Союза компартий. NEWSru.com (2001 шеран 21 июль). ТӀекхочу дата: 2010 шеран 13 август.
  7. Холмская М. Р. Коммунисты России: факты, идеи, тенденции. — М., 1998.

Хьажоргаш