ТӀапломан чим
ТӀапломан чим — магма кегийра дина сурсат. Диаметр 2 мм лахара йолчу ченан дакъолгех а, гӀамарах а лаьтта. Кхоллало тӀаплам Ӏаьттош, хӀаваэ ара а тухий иза лаьтта охьахуучу хенахь. Латта таро дуккха а атмосферехь кхозуш, гало олу хиламаш а беш. Ӏаьттийначул тӀаьхьа чим дӀасахьо атмосферехула дикка гена, масала, 1883 шарахь ХӀиндонезехь Кракатау тӀаплам Ӏаьттош охьахаанза йолу тӀапломан чиман марха дуьненан шозза гуо баьккхира.
Чим чӀогӀа кхераме адамашна а, дийнаташна а садаӀа. Кегийрачу йекъа къамкъаргашкахь а, бронхиолаш а мазанах кхетча иза цеманц санна чӀагӀло, уьш йукъйой, садукъдарца вуй.
ТӀапломан чим кхераме бу хӀаваан кеманашна. Йукъйо йагорган автоматикин жиклёраш а, реактиван моторан турбинийн пханарш шелъен дефлекторш а, цуо уьш сацо таро йу. Алсама чим аратохаро дукха хьолахь авиахаам сацабо[1].
Чимца микроэлементаш дукха ду. Иза бахьнехь, тӀаплам уллохь чӀогӀа ялта хьекъа латта ду. Масала, Везуви а, Этна уллохула йуьртабахам кхиъна бу.
Хьажа иштта
- Чимбожар
- Тефра
- Эйяфьядлайёкюдль тӀаплам Ӏаьтторо авиахааман бина Ӏаткъам
Билгалдахарш
- ↑ Пролетая над вулканом // Наука и жизнь : научно-популярный журнал. — 1999. — № 7.
Хьажоргаш
- A map of the 9 VAAC regions(ингалс.)
- Ash Thickness and Particle Size Downwind from Mount St. Helens, Washington, on May 18, 1980 Архивйина 2015-09-05 — Wayback Machine(ингалс.)
- Tephra Falls of the 1991 Eruptions of Mount Pinatubo(ингалс.)
- What to do during an ash fall event(ингалс.)