Украина (хьешан цӀа, Москох)
Хьешан цӀа | |
Хьешан цӀа «Украина» | |
---|---|
Radisson Collection Hotel Moscow![]() ![]() ![]() ![]() ![]() | |
| |
55°45′06″ къ. ш. 37°33′51″ м. д.HGЯO | |
Пачхьалкх | Росси |
Москох | Кутузовн проспект, 2/1 |
Архитектурин хатӀ | сталинан ампир |
Проектан автор |
Аркадий Мордвинов Вячеслав Олтаржевский Павел Красильников |
Архитектор | Мордвинов, Аркадий Григорьевич |
Йиллина терахь | 1953 |
ГӀишлойар | 1953—1957 шераш |
Статус |
![]() |
Локхалла | 206 метр |
Хьал | болх беш йу (2018 шарахь) |
Сайт | ukraina-hotel.ru(оьр.) |
![]() |
«Рэдиссон Коллекшн» машанан хье́шан цӀа «Украи́на» — сталинан лекха цӀенойх ворхӀалгӀа а, тӀаьххьара а лекха цӀа, дина Москохан Кутузовн проспектехь 1953—1957 шерашкахь архитекторийн Мордвинов Аркадийн, Олтаржевский Вячеславан а, коьрта конструкторан Красильников Павелан а проектаца [1].
ГӀишло йина сталинан ампир олучу хотӀехь, лаьтта кхаа декъех. Йуккъерниг царех лаьтта 34 гӀотах, цуьнан локхалла 206 метр ю (цунна йукъахь 73 метр чӀу а бу)[2]. АгӀонашкара дакъошкахь йу 250 квартира, уьш, тардолуьйту, йина Хрущёв Никитас омар делла[3].
ГӀишло долайаьккхина 2005 шарахь[4], 2007 – 2010 шерашкахь иза кечйеш йара, цул тӀаьхьа дӀадиллира «Рэдиссон Ройал, Москох» цӀе тиллина хьешан цӀе — оцу хенахьгӀалахь уггаре сий долу[2].
Истори
![](http://upload.wikimedia.org/wikipedia/commons/thumb/8/80/Szovjetuni%C3%B3%2C_Moszkva%2C_1966._A_Novij_Arbat_a_Kutuzov_h%C3%ADd_fel%C3%A9_n%C3%A9zve%2C_Ukrajna_Sz%C3%A1ll%C3%B3._Fortepan_50332.jpg/250px-Szovjetuni%C3%B3%2C_Moszkva%2C_1966._A_Novij_Arbat_a_Kutuzov_h%C3%ADd_fel%C3%A9_n%C3%A9zve%2C_Ukrajna_Sz%C3%A1ll%C3%B3._Fortepan_50332.jpg)
Хьалхара истори
Даймехкан архитекторша Москохахь лекха гӀишлош йаран таро жигара йийца йаьккхира 1917 шеран революцил тӀаьхьа. Царна йукъахь — Лубянкин майданара стигал-бохьан ХБЛКх проект, иза йинера Кринский Владимира 1923-гӀа шарахь[5]. Оццу шарахь вежарий ВеснингӀар кховдийра Къинхьегаман гӀалин проект, цуьнан лекха дакъа 132 метр бӀов йара[6].
Правительствос Советийн Союзан коьрта шахьар йухайан архитекторийн лаамна гӀолоцура, амма и гӀарайевлла гӀишлойн проекташ йийцайахар дахделира дуккха шерашка. 1935-гӀа шарахь бен ца кхайкхийра Советийн гӀала а, масех лекха цӀа а тӀаьхьуо дарах. Пхи шо даьлча архитекторо Чечулин Дмитрийс нахала йаьккхира 24 этажан йукъараллин гӀишлон проект Дорогомиловра Москох-эркан ногнашкахь — оцу меттигехь хьалайира «Украина» хьешан цӀа. Эскизаш зорбатуьйхира «Москохахь гӀишлошйар» журналан 11-14 лоьмаршкахь. Оцу проектан берриг кечамаш меллаша беш бара, ткъа Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀом баьлча белхаш совцийра[7].
Лекха цӀенойн проект
![](http://upload.wikimedia.org/wikipedia/commons/thumb/3/31/Kutuzovsky_night.jpg/250px-Kutuzovsky_night.jpg)
Советийн правительство ца йитира стигал-баххьаш даран ойла. 1947 шеран 13 январехь ВКП(б) ЦК секретара Сталин Иосифа куьг йаздина «Москохахь дукхагӀотийн гӀишлошйарех лаьцна» ССРС Министрийн Кхеташонан сацамна. Цхьацца историкаша лору, и ойла кхочуш йина йеккъа Сталинан лаамца, цунна лаара Москохахь шен заманан архитектурин иэсаш йан[8]. ТӀеэцначу сацамехь хьахийна йацара Дорогомиловера гӀишло. Амма 4 пуктехь хьахийера Ленинградан шоссехь «Динамо» стадионан гергахь 26 гӀат йолу хьешан цӀийнан а, хӀусамийн а гӀишло йан йеза аьлла. Мордвиновн, Министрийн кхеташонан архитекторийн гӀуллакхан комитетан векалан санна, проектан экспертиза йан йезара, правилеьстве чӀагӀйайта гӀишлойаран план гайта йезара. Болх дӀабелира йеза индустрин предприятеш йаран министраллин[9]. Хьешан цӀийнан проект кечйар тӀедиллира архитекторшна Мордвинов Аркадина а, Олтаржевский Вячеславана а, коьрта конструкторна Красильников Павелна а[1].
Архитектура а, хатӀ а
![](http://upload.wikimedia.org/wikipedia/commons/thumb/9/98/Moscow-Ukraina.jpg/250px-Moscow-Ukraina.jpg)
1930-гӀа шерашкахь Советийн Союзехь кхолладелира керла архитектурин хатӀ, тӀаьхьа цунна цӀе йелира «сталинан ампир». Цуьнан амале аматаш йарс гӀилонан йоккхалла а, дахаран хӀусмашна тӀаьхь а дуккха декоративан дакъалгаш хилар. Декоративан кечдар къаьстара эклекталлица: классикин ордерашца цхьаьна лелайора хӀокху заманан сийлаллаш, масала, маьрсийн, пхи са болу седарчийн, советийн къинхьегамхочун жамӀ дина вастийн суьрташ[10].
Хьешан цӀа Украина кинохь
- «Тешаме накъостий» (1954) кинофильмехь хьешан цӀа гайтина йечу муьрехь.
- Хьешан цӀе гайтина «Хаттабан воккха стаг» (1956) фильмехь а, «Бригада» (2002) телесериалехь а.
- «Сийлахьверг» (1997) фильм чохь хуьлу коьрта хиламаш хьешан цӀа чохь хуьлу.
- «Къилбаседанан нур дагар» фильман (2001) доккхаха долу дакъа даьккхина хьешан цӀийнан чохь даьккхина[11].
- Хьешан цӀа чохь сецира Коннери Шонан «Оьрсийн цӀа» (1990) фильман турпал а, Крейг Дэниелан «Малик» (2005) фильман а турпал.
Билгалдахарш
- ↑ 1 2 Олтаржевский, 1953, с. 110.
- ↑ 1 2 Лёва Левченко. Я работаю в гостинице «Украина» . The Village (2018 шеран 21 февраль). ТӀекхочу дата: 2018 шеран 30 май. Архивйина 2018 шеран 23 августехь
- ↑ Гостиница «Украина»: истории и тайны последней сталинской высотки . Москва 24 (2014 шеран 2 август). ТӀекхочу дата: 2018 шеран 29 май. Архивйина 2018 шеран 8 июлехь
- ↑ Цитаташ йалоран дӀахьедар:
vesti
цӀе йолу<ref>
теге хьажа цало, иза хӀокху декъа чохь йа цхьанхьа а цахилар бахьнехь. - ↑ Иконников, 1984, с. 46.
- ↑ Хазанова, 1963, с. 151.
- ↑ Кружков, 2014.
- ↑ Добренькая, 2013, с. 170.
- ↑ Светлаков Лев. Тайны сталинских высоток . Журнал «Самиздат» (2016 шеран 14 сентябрь). ТӀекхочу дата: 2018 шеран 30 май. Архивйина 2018 шеран 19 июнехь
- ↑ Сталинский ампир . Артишок (2017). ТӀекхочу дата: 2018 шеран 30 май. Архивйина 2018 шеран 23 майхь
- ↑ Анастасия Мельникова. Тайны «Украины» в России . РИА Новости на Рамблере (2017 шеран 23 май). ТӀекхочу дата: 2018 шеран 30 июнь. Архивйина 2018 шеран 8 июлехь
Литература
- Вострышев М. И., Шокарев С. Ю. Вся Москва от А до Я. Энциклопедия. — М.: Алгоритм, 2011. — 1064 с.
- Гацунаев К. Н. Героико-патриотические мотивы в московской архитектуре 1940-1950 гг. // Вестник МГСУ. — 2015. — № 8. — С. 18–29. — ISSN 1997-0935.
- Добренькая М. В. «Сталинские высотки» на фотографиях: возведение и бытование в свете идеологии // Вестник РГГУ. — 2013. — № 9. — С. 169–177. — ISSN 2073-6355.
- Иконников А. В. Архитектура Москвы. XX век. — М.: Московский рабочий, 1984. — 222 с.
- Кружков Н. Н. Высотки сталинской Москвы. Наследие эпохи. — М.: Центрполиграф, 2014. — 365 с. — ISBN 978-5-227-04542-3.
- Олтаржевский В. К. Строительство высотных зданий в Москве. — М.: Гос. из-во лит-ры по строительству и архитектуре, 1953. — 215 с.
- Рогачёв А. Проспекты советской Москвы. История реконструкции главных улиц города. 1935–1990. — М.: Центрполиграф, 2015. — 215 с. — ISBN 978-5-227-05721-1.
- Хазанова В. Э. Из истории советской архитектуры 1917–1925 гг. / Афанасьев К. Н.. — М.: Издательство Академии наук СССР, 1963. — 250 с.
- Хмельницкий Д. С. Архитектура Сталина. Психология и стиль. — М.: Прогресс-Традиция, 2007. — 560 с. — ISBN 5-89826-271-7.
- Шашкова Н.О. История, историко-культурное значение и современное использование наследия советской архитектуры: гостиница «Ленинградская» // Пространство и Время. — 2014. — № 1. — С. 176—186. — ISSN 2219-4525.
Хьажоргаш
- Гостиница «Украина» на сайте СовАрх.ру
- Официальный сайт гостиницы
- Гостиница Radisson Collection на официальном сайте Raddisson