ЦӀога лесто хин олхазар
ЦӀога лесто хин олхазар |
---|
![ЦӀога лесто хин олхазар](//upload.wikimedia.org/wikipedia/commons/thumb/e/e5/Actitis_hypoleucos_1_tb_%28Marek_Szczepanek%29.jpg/275px-Actitis_hypoleucos_1_tb_%28Marek_Szczepanek%29.jpg) ЦӀога лесто хин олхазар |
йуккъера рангаш Куц: | ЦӀога лесто хин олхазар |
|
Actitis hypoleucos Linnaeus, 1758 |
![](//upload.wikimedia.org/wikipedia/commons/thumb/e/e6/Status_iucn3.1_LC_ce.svg/240px-Status_iucn3.1_LC_ce.svg.png) КӀезиг кхерам берш IUCN 3.1 Least Concern : / 22693264 |
|
ЦӀога лесто хин олхазар — (en. Common Sandpiper), (Оьрсаша "Перевозчик" олу цунах). Бовхачу махка дIай-схьай кхелхачех кхин цхьакха а ду вайн махкахь хуьлуш хин олхазар. Букъ мокха бу цуьнан, чукIело кIайн йу. Кхоьчу хин олхазарийчул йоцо йу зIок. Когаш а церачийл боцийро бу. Хин тогIенашкахь Iаьмнашкахь хуьлуш ду и тайпа олхазарш. Хин берда йистошца, оьрзалахь а, гIамаран гIайреш тIехь а до цара баннаш, лохо кIаг а боккхий, цу чу йекъа бецаш а йохкуш.
- Бен къайлехь хуьлу цуьнан йа куллан кондарна кIелахь, йа бецан тоьлга кIелахь. ХIоьаш жимма цIиэ бос а бетталуш, цIиэ тIедарчий а долуш хуьлу. 4 хIоа до цо. Додачу хенахь "ти-ти-ти-ти", "пюи-пюи" олий дека иза. Цхьаъ ша хуьлу иза, баннаш ден хан кхаччалц. Дукха хьолахь хи йуккъерчу гоьрга тIе йа чалхаш тIе хоий Iа иза, цIога а лестадеш. Хи тIоьхула дадар цкъа тIемаш ваьшта дохкуш, тIаккха чехка уьш ластош, хьалий-охьий ийлуш ду цуьнан. Садолу хIумнаш йоу цо .
Суьрташ
-
Actitis hypoleucos
-
-
Actitis hypoleucos
-
-
-
-
-
-
Хьажа. кхин
Билгалдахарш
Хьажоргаш