Анпал


А́нпал (шир.-желт. πρόβλημα) шуьйрачу маьӀнехь — Ӏамо деза йя дерзо деза чолхе теоретикан йя практикан гӀуллакх; Ӏилманехь — цхьаьна хиламах, объектах, процессах кхеторех дуьхь-дуьхьал лаьтта, вовшенца ца догӀу хьал, цунна оьшу адекватан теори; дахарехь анпалан формул кхета хала дац, «суна хаа, амма ца хаа муха», аьлчи а хаьа дан дезий, амма ца хаьа муха дан деза.

Анпал дӀайяккха ладаме ду и болх нийса хӀоттабар.

Анпал, я хета анпал, листа нийса ца хӀоттийна белхо, гена воккху боккъал а йолчу анпалах.[1] Системологехь системан-кхолларан гӀуллакхан алгоритм йолало «Анпал» муьрера, цуьнан амалехь ю гӀуллакх дайтаран фактор.

Адаман анпалан духан оьшу анализ, мах хадор, ойла кхоллар, и дерзоран нийса некъ карабар талла а толлуш, зиерца тӀечӀагӀъяр.

Анпал коьртаниг олу цхьаьна кепара жоп доцу хаттарах (билгалъяьккхина тӀегӀа йоцуш). Анпал Ӏалашонах къаьста ерзоран билгало ца хиларца.

Классификаци

Системан тӀегӀанашца

  • Адамаллин анапал (глобалан анапал)
    • дахаран дикалла — экологи, могашалла, дааран сурсаташ, энерги латтор (йовхо, серло, транспорт, кхин а).
    • хила тарло демографин къоьлла
    • хьаннаш хӀаллакъяр
    • зуламалла
    • дуьнене бодане хьажар
  • мехкийн
    • кхача ца тоар (мацалла)
    • Ӏаламан ресурсаш (масала, хин) ца тоар
    • экономикин анпал (белхаметтиг ца тоаран анпал)
  • регионийн
    • Россехь регионийн дакъа дотацеш тӀехь ю
  • гӀаланийн
    • социалан-бахаман сферера анпал
    • хӀусаман-коммуналан бахаман сферехь
    • транспортан инфраструктура ярехь (некъаш дузар)
  • кхолламийн (фирмаш)
    • сурсатийн хьашт охьадалар
  • урамийн
    • тоьуш йоцу чекхвалийтаран таро
    • гӀуо хьал
  • доьзалехь,
  • адаман
  • адаман могашаллица.

Хьажа иштта

  • Ӏалашо
  • Ӏалашо кхочушъяр
  • Хаттар
Викидошаман логотип
Викидошаман логотип
Викидошам чохь бу йаззам «анпал»

Билгалдахарш

  1. Большая советская энциклопедия. — М.: Советская энциклопедия. 1970—1978.