БерцанӀов
БерцанӀо́в — кенан чкъоьргех цӀанйина, берцан (Panicum) культурин кепех йоккху Ӏов.
ХӀинца йоккху йеккъа шарйина берцанӀов, иза чкъоьргех, зезаган чӀурамах, зӀийдигех, жима алейронан чкъоьрах цӀанбина берцан хӀоъ бу. БерцанӀевнан бос хийцало сирла-можучунна тӀера къегина-можачунна тӀекхаччалц.
Токхонан хьелаш
ЦӀанбар бахьнехь буьртигехь хӀоъ бен ца буьсу — йерриг чкъоьргаш а, зӀийдиг а шардаран балхо дӀайоху. Иза бахьнехь берцанӀевнан мелла а къен химин хӀоттам бу, хӀунда аьлча цхьаьнакхетарийн а, хӀуманийн а ладаме дакъа долу буьртиган чкъоьршашкахь.
БерцанӀевнан йукъахь белок дикка лакхара йу, цуьнан барамца иза бустало кӀенца — йозаллин барамца 11 % гергга. Амма, берцанӀевнан белокан лакхара биологин мах бац, триптофан а, лизин а, метионин а кӀезиг хиларна.
Йуккъера хӀоттам Кёниган хаамашца:
ЦӀанбанза. буьртиг |
БерцанӀов | |
---|---|---|
Хи | 10,66 | 10,97 |
Азотанцхьаьнакхетарш | 9,29 | 10,82 |
Мохь | 3,50 | 5,46 |
Шекар | 1,33 | 1,19 |
Декстрин | 3,51 | 7,16 |
Крахмал | 61,09 | 59,40 |
Клетчатка | 7,29 | 2,64 |
Овкъарш | 2,35 | 2,36 |
БерцанӀевн йукъахь йу организман оьшу макро-, микродакъолгаш: эчиг, фтор, магний, марганец, кремний, цӀеста, кальций, калий, цинк. Овкъаршкахь билгалдаьлла кӀезиг калий а, алсама кремний а ду.
БерцанӀевнца кхин а алсама ду витамина, башха алсама B1, B2, B5, PP.
Липидаш берцанӀевн йукъахь кхечаьрца дуьстича дукха йу, уьш къаьста дуьзина доцу хьена мусталлаш хиларца (90 % кхаччалц), алсама ду олеинан а, линолан а. уьш хиларо Ӏов латторан хенаш охьайоху, хӀунда аьлча уьш сихха къахьло.
Лелор
БерцанӀов деманна лела а цайо ала мегар ду, ткъа лелайо, коьртаниг, Ӏевнан кепара хударна, йаттаршна, пудингашна, кулешашна, атаршна[1]. Кхехкийча берцанӀов шорло 4 тӀера 6-7-зза, ткъа худар дика чам а, бос а, консистенци а йолуш, кхин а дегӀах дика дулуш хуьлу[2]. Брокгаузан а, Ефронан а энциклопеди дошамца, «даалуш могашаллин кхача бу, бепиг санна, хӀора дийнахь диича а кӀордор доцуш»[3].
БерцанӀевнах кхин а йо чуьппалгаш.
Йекъа шарйина берцанӀов шуьйра лелайо зӀакардаьхьнийн фабрикашкахь 12 сахьтехь инкубаторера бройлерийн кӀорнийн транспортировка йеш, ткъа иштта уьш кхиоран хьалхара сахьташкахь йуьззина ражан гранулийн ийна докъарах тухург санна[4].
Берцан Ӏов кхиош лело борц, деа тайпанна боькъу. Уггаре мехала лору кӀайн йа беда-можа чкъор долу буьртигаш долу сорт, кхин а цӀен бесара зезаган чкъоьраш долу цхьацца сорташ а. Чкъор 20 % сов хила йиш йац.
Буьртиган консистенци ладаме технологин хьесап ду. Ангали кепара берцан сортийн амалехь ду лакхара чӀогӀалла, туьлуш а, шардеш а декъало. Уггаре дика технологин хьелаш ду гоьрга кеп йолу даккхийра а, нисдина а буьртиг болу берцан сортан. Тодеш гӀоле хета 13,5-14,5,% тӀуналла йолу борц. 13 % лахара тӀуналла хилча Ӏов кӀезиг йала тарло буьртигаш декъадаларна.
Сорташ
Дикаллин гайтамашца берцанӀов йоькъу лакхара, хьалхара, шолгӀа, кхоалгӀа сорташка. Лакхара сортан берцанӀевнан йукъахь дика хӀоъ бу — 99,2 % сов; 1-ра — 98,7 %; 2-гӀа — 98 %[1].
Билгалдахарш
- ↑ 1 2 Казанцева Н. С. Товароведение продовольственных товаров. М.: Дашков и Ко, 2007. — 400 с.
- ↑ Елисеева Л.Г. (ред.) Товароведение однородных групп продовольственных товаров. Учебник для бакалавров / Л.Г. Елисеева, Т.Г. Родина, А.В. Рыжакова и др. — М.: Дашков и К°, 2014. — 930 с.
- ↑ Пшено // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.
- ↑ Епимахова Е.э, Александрова Т.с. Эффект первого кормового фактора при выращивании цыплят-бройлеров // Сельскохозяйственный журнал. — 2014. — Т. 3, вып. 7. — ISSN 0372-3054. Архивйина 2021 шеран 13 январехь.