БесаргӀаз

БесаргӀаз
КӀайн беснеш йолу бесаргӀаз (Branta leucopsis)
КӀайн беснеш йолу бесаргӀаз
Ӏилманан классификаци
Дуьненайукъара Ӏилманан цӀе
Branta Scopoli, 1769

БесаргӀезаш йа Ӏаьржа гӀезаш (лат. Branta) — бедийн доьзалера олхазарийн хин тайпа.

Йукъара амат

БесаргӀезаш — йуккъера барам гӀезел кегийра олхазарш. Церан хуьлу гӀезачул алсама доца лаг а, алсама йоца, амма бух тӀаьхь лекха зӀок. БесаргӀезаш йохаллехь 60 см гергга хуьлу, йозалла 8 кг кхаччалц хуьлу. Ӏаьржа гӀезийн бос алсама Ӏаьржа а, кӀайн а хуьлу. ЦӀен харданг йолу бесаргӀезийн месашкахь хуьлу цӀехо-боьмаша бос.БесаргӀезийн дерриг 6 тайпа ду.

Йаржар

БесаргӀезаш, гавайн бесаргӀезаш йоцург, бен туху Евразин а, Къилбаседа Америкин а къилбаседехь.

Дахаран кеп

БесаргӀезаш шайн дахаран кепаца тера йу гӀезех, амма цхьан а бесаргӀезо гӀезаша йо гӀовгӀа ца йо. Аз церан хаьдда ду, цхьацца кепийн жӀаьлех летарх тера ду.

Классификаци

Гавайн бесаргӀаз.

Тахана бесаргӀезийн 6 кеп йу:

  • КӀайн беснеш йолу бесаргӀаз (Branta leucopsis)
  • Гавайн бесаргӀаз (Branta sandvicensis)
  • Канадин бесаргӀаз (Branta canadensis)
  • ЦӀен харданг йолу бесаргӀаз (Branta ruficollis)
  • Канадин жима бесаргӀаз (Branta hutchinsii)
  • Ӏаьржа бесаргӀаз (Branta bernicla)

ХӀаллак хилла кеп:

  • Branta hylobadistes

Литература

  • Акимушкин И. И. Мир животных: Птицы. Рыбы. Земноводные и пресмыкающиеся. — 3-е изд. — М.: Мысль, 1995. — 464 с.
  • Ганзак Я. Иллюстрированная энциклопедия птиц / Ян Ганзак; Пер. Е. Фиштейна; Под ред. И. А. Нейфельдт и П. М. Позднышева. — Прага: Артия, 1974.