Дехар «Ишак» хьажийна йу кхузе; хьажа. иштта кхин маьӀнаш.
Вир |
---|
|
йуккъера рангаш ТӀера тоба: | Laurasiatheria |
|
Equus asinus asinus Linnaeus, 1758 |
|
Вир (лат. Equus asinus asinus) — акха виран (Equus asinus) караӀамийна бухара кеп, ладаме роль ловзийна исторехь адаман бахам а, оьздангалла а кхиарехь, хӀинца а шуьйра лелош ю кхуьш йолчу пачхьалкхийн бахамехь. Ерриг караӀамийна варраш схьайовлар африкин варрех долуш ю, ткъа куланаш (азин варраш) караӀамор даиманна а аьтту боцуш хилира.
Йукъара хаамаш
Варраш ехка мур дукха хьолахь бӀаьста я аьхкенан юьххьехь хуьлу, амма ца хуьлу цхьа билгалъяьккхина хан. Дукха хьолахь цхьаъ кӀорни йолу дуьнен тӀе, наггахь — ши кӀорни. Пхоралла лаьтта 360 - 390 дийнахь. Виран кӀорнино шура юу 6—9 баттахь, бецан чоме хьожу шиъ кӀира кхачарца.
ДегӀ даьккхина йолу шиъ шо кхачарца. Оцу хенахь дуьйна вир кӀорнеш белхе Ӏамайо, кхоъ шо кхаьччи варраш гуттаренна а чӀогӀа хала белхаш до. Вир жима йолуш тӀе мохь буьллуш лелийча букъ сеттина хуьлу цуьнан.
Еха — 25—35 шарахь. Дукха кӀезиг хаало 45—47 шарахь ехаш ерш.
Тайпане хьаьжжина виран локхалла а хийцало 90—163 см, дикачу тайпанан виран локхалла хийцало понин барамера дикачу говрийн бараме кхаччалц. Яккхийчех лоруш ю пуатусан а (140—155 см), каталонин (135—163 см) тайпанийн векалш. Йоккхачу дийнатийн йозалла — 200 - 400 кг. Виран бос тайпане хьаьжжина хуьлу.
Виран 31 шишша хромосома ю. Пульс — 45—55 тохадалар минотехь. СадаӀаран йукъ — 10—15 минотехь. ДегӀан температура — 37,5—38,5 °С. Варрийн пхиъ букъдаьӀахк ю (говран — ялх).
Виран цӀога ду, бежнийн санна, буьххьехь кӀужал йолуш.
Шен яккхийчу гергарчу дийнатех вир къаьста, хи а, юург а ца хилар дика ларца. Цуо юу бецан а, коллин а ораматаш. Оцу дийнаташна тӀуналла ца еза, цундела Ӏай декъа божал деза.
Караерзор
Вир караерзийна говрал дуккха а хьалха. Варраш дуьххьара дийнаташ ю адамо тӀехь мохь лелийна. Вайн эрал 4000 шо хьалха дуьйна Нилан дельтехь кхобура караерзийна нубийн варраш. Месопотамехь акха варраш караерзийна кӀеззиг тӀаьхьа. Антикан муьрехь варраш кхаьчна Европе. Хууш ду, этрускашкахь Жима Азера евлла варраш хилар. Желтойчоь варраш кхаьчна вайн эрал 1000 шо гергга хьалха.
Юьхьанца варраш тӀехууш а, южуш а лелайора, амма алсама сиха а, онда а говраш караерзийча, уьш цаьрца хийцира. Оцу хенахь дуьйна варраш хьахаяр ширчу оьздангаллашкара дов. Вир лелор тӀе мохь боттарца соцуш дара. Оцу гӀуллакхехь вир гӀоле ю говрал, хӀунда аьлча тӀех доьналла долуш ю, таро йолуш ю хи а, юург а йоцуш дуккха а Ӏан. ТӀебоьттина мохь дийнатан шен йозаллех кхаа декъах ши дакъа хьо виро, ткъа цаваьлла меттиг хилча цул сов а. Дийнан раж нийса лелийча вире 8—10 сохьтехь болх бало, юурган цкъа йукъараялийтича.
Наггахь варраш лелийна жижигна, шуранна, цӀуоканна. Юккъера бӀешерашкахь виран цӀуока лорура уггаре а пайден пергаменташ а, ватанаш а ян. Альпашна къилбаседехьа варраш хаайала йолаелла румхойн замахь.
ХӀу эдар
Варрийн а, говрийн а тайпанин хӀу эдарца кхочу шиъ тӀаьхье ца хуьлу гибридан кеп:
- бӀарза (виран а, кхелан а гибрид);
- говр-бӀарза (айгӀаран а, виркхелан а гибрид).
Караерзийна варрийн тайпанаш
Уггаре гӀарадевлла ду варрийн французийн тайпанаш — пиренейн, котентен, пуату, провансалан, испанийн — каталонийн вир, юккъераазин — бухарин а, мерван (марыйн) а. наггахь хаало классификации аратаьӀна а, нийса а профильца (масала, А. Доброхотовн). Французийн варраш хуьлу сих-сиха юьртабахаман гайтамашкахь[1][2].
Дин
Керсталлехь
Къуоначу вир тӀехь Ӏийса пайхӀамар , дуьненан Паччахь санна, чувеира Иерусалиме Вербан КӀиран дийнахь, Инжилехь ма-яздар ЖӀарин Даларе, Закарий пайхӀамара дийцина ма-хиллара: «Даккхийде хазахетарца, Сионхой, даккхийде , Иерусалимхой: шу паччахь ву шуга вогӀуш, Нийсо яхьарг а, кӀелхьарвоккхург а, Эсалниг а, тӀехиъна виркхелийна а, къуоначу вирна а…» (Зах. 9:9). Оцу хиламан лерина ду Вербан КӀиран де[3].
Исламехь
Жайнех йоьттина вир аллегорин йийцарца долало Къуръанан текст (62:5):
Церан масала ду, шайна тӀедиллина (тӀехьавазар) Товрат долуш, юха тӀаьхьуо цуьнца нийса ца богӀуш берш, шен тӀехь жайнаш хьуш йолу виран (Ӏарб.. الْحِمَارِ, аль-хьимари) масала ду. Мел боьха ду Делан хаамаш аьшпаш лоруш долчу оцу къомаца дустар! Дала ца буьгу (нийсачу новкъа) харц нах. (Къуръан 62:5)
ТӀаьхьа, метафора лелийра Йухадендаран муьрера французийн йаздархочо а, философа а де Монтень Мишела:
Уггаре коьртаниг — иза Ӏилма марздалийтар а, дезийтар а ду; иштта дацахь вай кхиор йу варраш, тӀе жайнин хьекъал а доьттина.[4]
Суннатаца, виран жижиг даар магийна дац. Джабира дийцина: «Хьайбаран дийнахь АллахӀан пайхӀамара ца магийна даа виран жижиг, магийна даа говр жижиг»[5]. Ткъа Акха вирах дерг, иза йаа магийна, Абу Катада дийцарехь, цуо элира АллахӀан пайхӀамаре: «ХӀай АллахӀан элча, оха талла дахча йийна акха вир, тха хӀинца а дуккха цуьнан жижиг дисина», цунна жоп делира: «Диснирг а дӀадаа»[6].
Суьрташ
-
-
Хьалхалера куц
-
Виран кӀорни
-
Хьажа иштта
Викидошам чохь бу йаззам
«вир»
Викицитатникехь агӀо йу теманера
вир
- Дешийн вир
- Вир-альбинос
- Виран ӀиндагӀах къийса
Билгалдахарш
Литература
|
---|
Караерзийнарш |
- Аквариуман чӀерий
- Можа хьоза
- Карликан пхьагал
- Цициг
- Мукадахк
- ХӀордан хьакха
- Тотиш
- ЖӀаьла
- Оьпа
- УьнтӀапхьид
|
---|
Гайтаман | |
---|
|
Юьртбахаман дийнаташ |
---|
Декха дийнаташ |
- Альпака
- Гомаш
- Эмкал
- Газа
- Етт
- Пхьагал
- Лама
- Говр
- Говр-бӀарза
- БӀарза
- УьстагӀ
- Сай
- Вир
- Хьакха
- Пийл
- Як
|
---|
Олхазарш |
- ГӀаз
- Москал
- Котам
- Мускусан бад
- Лекъ
- Страус
- Бад
- Акха котам
- Аштаркхкотам
|
---|
Сагалматаш | |
---|
|
|
Говраш (кепаш а, бухара кепаш а) |
---|
- Equus africanus — Акха вир
- Equus africanus africanus — Нубийн вир
- Equus africanus asinus — Караерзийна вир
- † Equus africanus atlanticus — Атлассан вир
- Equus africanus somaliensis — Сомалийн вир
- † Equus complicatus
- † Equus conversidens
- † Equus crinidens
- † Equus cumminsii
- † Equus excelsus
- Equus ferus — Акха говр
- Equus ferus caballus — Караерзийна говр
- † Equus ferus ferus — Тарпан
- Equus ferus przewalskii — Пржевальскийн говр
- † Equus francisci
- † Equus fraternus
- † Equus giganteus
- Equus grevyi — Греви зебр
- Equus hemionus — Кулан
- Equus hemionus hemionus — Монголийн кулан
- † Equus hemionus hemippus — Шеман кулан
- Equus hemionus khur — ХӀиндин кулан
- Equus hemionus kulan
- Equus hemionus onager — Онагр
- † Equus hydruntinus — Европан вир
- Equus kiang — Кианг
- Equus kiang chu
- Equus kiang holdereri
- Equus kiang kiang
- Equus kiang polyodon
- † Equus lambei
- † Equus namadicus
- † Equus niobrarensis
- † Equus occidentalis — Малхбузан говр
- † Equus pacificus
- † Equus parastylidens
- † Equus pectinatus
- Equus quagga — Бурчеллан зебр
- Equus quagga boehmi — Грантан зебр
- Equus quagga borensis — Кхес йоцу зебр
- Equus quagga chapmani — Чапманан зебр
- Equus quagga crawshayi — Крошей зебр
- † Equus quagga quagga — Квагга
- † Equus scotti
- † Equus simplicidens — Хагерманан говр
- † Equus sivalensis
- † Equus stenonis — Стенонан говр
- † Equus yunnanensis
- Equus zebra — Ломан зебр
- Equus zebra hartmannae — Хартманан ломан зебр
|
|