ДогӀа (телеканал)

ДогӀа
Логотипан сурт
Пачхьалкх
Болх баран зона Росси, Гуьржийчоь[1], Туркойчоь, Исраил[2], Латви[3], Литва, Эстони[4], Польша, Словаки, Ӏaьмаркан Цхьаьнатоьхна Пачхьалкхаш, Нидерландаш
Къамел даран мотт оьрсийн мотт
Штаб-квартира
Схьайиллина хан 2010 шеран 27 апрель
Кхоьллинарг Наталья Синдеева[5], Вера Ефимовна Кричевская, Александр Иванович Винокуров[5]
Йерг Наталья Синдеева, Александр Иванович Винокуров
Генералан директор Марк Такиёсиевич Тен
Куьйгалхой Тихон Викторович Дзядко[6]
Слоган Optimistic Channel
Сайт tvrain.tv(оьр.)
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш

«ДогӀа» телеканал я «Дождь» телеканал (башха яздар ДО///ДЬ) — оьрсийн де-буьйсанан информацин телеканал а, цӀapax йолу медиахолдинг а ю. Цуьнан эфирехь гойту керланаш а, аналитикан а, къийсаман а, авторин а программаш а, иштта концерташ а, исбаьхьа лакхар а, бакъдолчунна тӀера фильмаш а, видео-арт а.

Телеканало дукха хаамаш бина 2011-чу-2013-чу шерашкахь Оьрсийчоьх хилла дуьхьалдаларан боламах а, «Болотное дело» гӀуллакхах а, Pussy Riot-ан гӀуллакхах а, Кировлес-ан гӀуллакхах а.

2014-чу шарахь Ленинградан блокадах лаьцна хаттарш дарна «ДогӀан» гонаха дов иккхира. Хиллачун жамӀ бара дукхах йолу спутникан а, кабелан а операторш «ДогӀан» эфир дӀахадо сацам тӀеэцар.

Цу муьрехь кхин дӀа болу телеканалан болх чолхечу хаттарехь бара.[7][8]

Телеканалан куьйгалла

Коьрттера директор

Синдеева Наталья (2010-чу шеран оханан (апрель) 27-чу дуьйна)

Коьрта редакторш

Зыгарь Михаил (2010-чу шеран эсаран (октябрь) дуьйна- 2015-чу шеран гӀуран (декабрь) 31-гӀа кхаччалц);

Баданин Роман (2016-чу шеран мангалан (июль) 25-гӀа дуьйна- 2017-чу шеран хьаьттан (август) 30-гӀа кхаччалц);

Перепелова Александра (2017-чу шеран хьаьттан 31-гӀа дуьйна- 2019-чу шеран гӀуран (декабрь) 25-гӀа кхаччалц);

Дзядко Тихон (2019-чу шеран гӀуран 26-чу дуьйна).

Къамел дар

Интернет-гӀирсаш

  • Телеканалан сайт;
  • Apple-ан гӀирсаш: iPad а, iPhone а, Apple TV а чухул;
  • Android йолу операцийн системан гӀирсаш чухул;
  • Windows йолу гӀирсаш чухул;
  • Samsung а, LG а, Philips а, Panasonic а  хьекъалдолу телевизорш чухул а;

Хьосташ