Android

Android
Белхан стол ОС Android 9 Pie
Кечдархо Google,
Open Handset Alliance
Осан доьзал Linux
ДӀайолалун код свободное и открытое программное обеспечение, проприетарные драйверы
Дуьххьара арахецар 2008 шаран 23 сентябрехь
ТӀаьххьара верси 5.0 Lollipop — 2014 шаран 15 октябрехь
Пакетийн менеджераш Google Play, Яндекс.Store, Amazon Market
Долу меттанаш оьрсийн а, кхин а
Йолу платформаш 32-бит а 64-бит а: ARM, MIPS, x86
Ядрон тайпа монолитан модификаци йина ядро Linux
Лицензи Apache v2 — пространство пользователя,
GPL v2 — ядрон патчаш Linux[1]
ДӀайолалун кодан репозитори android.googlesource.com
android-review.googlesource.com/admin/repos
Веб-сайт android.com
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Android («Андро́ид») — телефонашна а, планшетин компьютершна а, электронан жайнашна а, терахьийн проигрывательшна а, телевизоршна а, нетбукашна а, смартбукашна а лерина операционан система. ТIаьхьалонна и система машенашна а ян лаам бу. И операционан система Linux олучу ядро тIехь а, Google компанин шен долара Java Virtual Machine виртуальни машенан тIехь а кхоьллина ю. Кхолла йолийна хилла Android Inc. компанис, амма тIаьхьо цаьргара и кхоллам схьаэцна Google компанис. Цул тIаьхьа цо кхоьллина Open Handset Alliance (OHA) альянс, хIинца Android-н накъосталла а, иза кхин дIа кхиаяран а белхаш беш йолу.

Android ОС аьтто ло Java-приложенеш кхолла, Google библиотекашна чухула урхалла деш йолу. Ткъа Android Native Development Kit-н гIоьнца библиотекаш а, приложенин компоненташ а партировать яло, нагахь санна уьш я Си а, я кхечу программа хӀотторан меттанашкахь кхоьллина елахь.

2014-чу шеран шолгIачу кварталехь йоьхкинчу смартфонийн 86% чу хIоттийна хилла Android операционан система[2].

Билгалдахарш

  1. Licenses (ингалс.). Android Open Source Project. Android. Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2013 шеран 21 январехь. Теллина 2013 шеран 19 январехь.
  2. Android Captures Record 85% Share of Global Smartphone Shipments in Q2 2014 (en), http://www.strategyanalytics.com (30 July 2014). Хьаьжна 3 августехь 2014.

Хьажоргаш

  • Android (ингалс.). — Официалан сайт. Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2013 шеран 19 августехь.
  • Android Developers (ингалс.). Google Groups.
  • Google on Android (ингалс.). Google Developers. — Сайт разработчиков Android-приложений.
Йаззамаш